ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыров Рамзанан критик Асламханов Мурад лаьцна Австрехь


Асламханов Мурад
Асламханов Мурад

Австрин полицино лаьцна, Венера Мурад цIарца вевзаш волу нохчийн блогер, Асламханов Мурад. Кавказ.Реалиин информацица, цуьнца цхьаьна лаьцна цуьнан 29 шо долу ваша Мухарбек а.

Асламханов Мухарбек
Асламханов Мухарбек

Бакъо йоцуш герзаш лелорна бехкевеш ву ши ваша, порталан корреспондентна дийцарехь. Полици хеттарш дан кхайкхинера ши ваша кху деношкахь, цигахь гучудаьллера цу шингахь герз хилар. Хаттам бинчул тIаьхьа маьрша битинера вежарий. Делахь а, кхаарин дийнахь АсламхановгIеран хIусамах хьовса баьхкира Iедалхой, цул тIаьхьа лаьцна, вигина ши ваша.

39 шо долу Асламханов Мурад бехкевина иштта, Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, цуьнан гонан а Австрехь беха гергарнаш бойъур бу аьлла, кхерамаш тийсарана.

ТIаьххьара ша дIаязйинчу видео тIехь блогеро дIахьединера, Кадыровн а, парламентан спикеран Даудов Мохьмадан а, вице-премьеран Висмурадов Абузайдан а гергарчу нахана ша бекхам бийр бу, нагахь санна, шен даймахкахь бехачу гергарчу нахана тIе цара куьйгаш хьахь.

Асламханов гоьвелира, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане Австрин набахтера цо кхайкхамбича. Блогеро сийсазе къамел динера Кадыровга, цо а, цуьнан гоно а махкахошкахь латточу Iазапна тIехула. Шен шога къамелдарх цо кхетийра "Нохчийчоьнан куьйгалхочун кеп яра ша схьаэцнарг, цо иштта луьра до бахархошца къамел" аьлла.

Австрин Iедалхоша сацам бина хиллера, Асламханов шайн пачхьалкхера аравоккхуш, Оьрсийчу цунна депортаци ян.
Иза Оьрсийчоьне дIа ма ло аьлла, акци вовшахтоьхнера Австрерчу Грац гIалахь. Уьш тешна бара, Оьрсийчу жимачу стагана депортаци яхь, цуьнан дахарна кхерам бу хиларх.

Кху деношкахь IАДАТАН модератор Тепсуркаев Салман сийсазвеш, таIзар динчул тIаьхьа юха а махкарчу Iедале вистхилира Асламханов, нах ма хьийзабе аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG