ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новичокан" лараш карийна Навальный ваьхначу хьешан хIусамехь


Навальный Алексейс хан яьккхина хьешан хIусамера чоь

Томскехь Навальный Алексей ваьхначу хьешан хIусамера арадаьккхинчу хинан шишана тIехь "Новичок" олучу дIаьвшан лараш карийна немцойн говзанчашна. Политикан инстаграмерчу пена тIехь видео зорбане яьккхина, Xander отелехь полици чоьнах хьовсуш яьккхина. ЧIагIдарца, байначу беттан 20-чохь, Навальныйна дIавш делла аьлла, информаци Iораяьккхина цхьа сахьт даьллачу хенахь бина талламаш бу уьш.

Постехь яздо, кемана чохь политикна вон хиллачу заманчохь, цуьнан белхан накъосташа иза ваьхначу хIусамчуьра араэцна хиллера, талламбарехь оьшур ю аьлла хета хIуманаш. Хи чохь шишанаш а ду царлахь - тIаьхьа къастарца, цхьахдолчу шишана тIехь хааелла дIавшан лараш. Цо тоьшалла до, Томскера кема гIаттале хьалха дуьйна Навальныйна дIавш делла хиларх, яздо постехь.

"Проект" интернет-ресурсо билгалдоккху, хьешан цIийнан холлехь а, Навальный ваьхначу хIусамехь а ехкина камераш хилар а, хилларг толлуш цара а пайда бохьур хиларх а.

Отелера боллу видеокамерийн гIирс полисхоша дIабаьхьна шайца. Цундела, карарчу хенахь отелехь видеокамераш яц аьлла, дийцина ресурсе хьешан цIийнан белхалочо.

Карарчу беттан 4-чохь немцойн Der Spiegel гIирсо хааме даьккхира, "Новичокан" лараш Навальныйс хи меллачу шишанан бертига тIехь а карийна аьлла. ТIаьхьо "Новичок" лелийна хилар тIечIагIдира Францин а, Швецин а эксперташа а.

Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь Омскера ша кхачийначу Берлинерчу "Шарите"клиникехь, тIе ха а хIоттийна, ларвеш ву Навальный. Пехашка садоIуьйтучу аппаратах дIа а хадийна, хIинца цуьнан могашалла меттайогIуш а ю, йоццачу ханна маьнги тIера гIатта а ло иза, боху клиникан официалерчу хаамо.

Германин кхерамзаллин урхаллаша бахарехь, дарба дина даьлча, Оьрсийчу юхаван а, шен болх дIакхехьа а лерина ву оппозиционер Навальный.

  • Оьрсийчуьрчу оппозицин лидер, коррупцица къийсам латточу Фондан куьйгалхо Навальный Алексей кхетамчуьра велира Томскера Москва доьдучу кемана чохь байначу беттан 20-чохь. Оцу бахьанца лайнер охьадоссийра Омскехь. Чолхечу хьолехь волу Навальный меттигерчу дарбан цIийне вигира, дарба эвсаре хилийтархьама, лоьраша ханна тиларчуьра ваьккхира иза.
  • Марсхьокху-беттан 22-чу дийнахь, политикан хIусамненан а, белхан накъостийн а дехаршца Берлинерчу "Шарите" клинике дIавигира иза дарба дан. Цунах хьоьвсинчул тIаьхьа немцойн лоьраша дIакхайкхийра, цуьнца дIовш хааделла шайна, иза "Новичок" олу, 2018-чу шарахь Британерчу Солсберехь Скрипаль Сергейна а, цуьнан йоIана Юлина а делла дIовш ду, аьлла.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG