ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Марцинкевич валарна бехке нохчий хила а тарло"


Марцинкевич Максим


Челябинскерчу номер 3 йолчу СИЗО-хь националхо Марцинкевич Максим ("Тесак") валарна бехке хила тарло Нохчийчуьра бахархой аьлла "Гулагу.нет" портал кхоьллинчу Осечкин Владимира. Baza гIирсан YouTube каналехь еллачу интервьюхь дина ца оцу кепара дIахьедар, яздо "Рамблер"портало.

Кху беттан 16-чохь хааме даьккхира, Москва дехьаваккха кечвинчу 36 долчу Марцинкевичан дакъа цхьааллин камера чохь карийнера аьлла. Хаамийн гIирсашкахь яздора, изоляторан хадархойн каракхаьчна цо тIаьххьара яздина кехаташ, Тесак ша шена тоьхна велла бохуш.

"Массо а агIор бух болуш бу, оцу СИЗО-хь криминалан лидерш хиллачу Нохчийчуьрчу бахархоша цунна Iаткъам беш хиларна, Максиман нацистийн хьежамаш хиларца доьзна",- дIахьедина Осечкин Владимира. Тарло Марцинкевич аьшнашвина, сийсазваьккхкина аьлла, кхетийна Осечкина.

"Кхин дIа...Я ша шена тоьхна цо, я йиттина цунна, я вийна иза, ша шена тIе куьйгаш даьхьча санна, сурт а хIоттош. Иза вен кхайкхийнарг мила ву хьажа деза, хьанна оьшуш хилла Марцинкевична бекхам бар", - боху "Гулагу.нет" порталан авторо.

2018-чу шеран Iай набахтехь даккха итт шо хан туьйхира Марцинкевична, наркотикаш юхкучу нахана тIелатар дарна. Шен накъосташца цхьана "Тесака" электрошокерех а, газан баллонех а пайда а оьцуш, басарш тIедиттинера, шаьш дилерш леринчу нахана.

Иштта, "таджикийн наркодилер" вуьйш, кхел йо бохуш, сурт хIоттийна видео интернетехь яржорна а, Москварчу "Биллингва" клубехь дов даьлча экстремистийн къамелаш дарна а хьалхо кхел лайна вара Марцинкевич.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG