ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан депутатан кIанта арз дина СИЗО-н белхахошна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ДаIишца воьзна хилла аьлла, бехкевечу ГIалгIайчоьнан депутатан Мамилов Закрийн воIа Мамилов Дауда, шена тIехь ницкъбина дайтина мукIарло аьлла, дIахьедина. Карцер чу воккхур ву бохуш, кхерамаш туьйсу цунна полисхочо, аьлла адвокато а.

Байначу баттахь Москвара апелляцин кхел тIетайра Мамиловн адвокаташа, цуьнан гIуллакх тесна дитина аьлла, динчу дIахьедарна. Цул тIаьхьа Мамиловн гIуллакх кхечу талламхочуьнга кховдийра. Марсхьокху-бутт бовш бакъо елира дена шена кIантаца цхьанакхета.

Мамилов лаьцна ву стохка Охан-беттан 29-чу дийнахь дуьйна. Талламчийн версица, пхеа стага, шайлахь Дмитровехь вехаш хилла Мамилов Дауд а волуш, "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан гара вовшахтоьхна хилла къайлах. Мамиловс бехкаш тIе ца дуьту.

ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а латтанаш билгалдахарехь хиллачу бертана дуьхьал хилла Мамилов Закрий тешна ву, ша лелон политика бахьана долуш, кIантана тIаьхьа бевлла Iедалхой аьлла.

Мамиловн гIуллакх хIинца а теллина даьлла дац, цхьа а бакъо а йоцуш, бехкзуламан гIуллакхна юкъагIерта ницкъахо аьлла, дIахьедира адвокато Толстогонова Людмилас. Мамиловс хаийтинера цуьнга, СИЗО-хь талламаш бинчу полисхочо Iаткъам бо шена аьлла.

"Айхьа динчу зуламашна къера хила, нагахь санна, бехкаш тIе ца лацахь, изоляторехь хьоьга лалур доцу хьелаш хIиттор ду ша, карцер чохь а латтор ву бохуш, кхерамаш тийсина цунна", - хаамбина Толстогоновас. Цо тIедожийна федералан таIзар кхочушдаран урхаллана (ФСИН), Мамилов Даудан латкъамашна талламбар.

Иштта, кехаташ дахьийтина адвокато Инарла прокуратуре а, Москван кIоштан прокуратуре а, Оьрсийчоьнан а, регионан омбудсменашка а. Цул совнах, гIуллакх талларна юкъагIертарх дIахьедина Талламан комитете а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG