Нохчийчуьра ши вахархо лаьцна Францерчу Дижонехь. Берта а вахна, ницкъбина аьлла, бехкаш дехкина царна. Къилба Африкерчу наркотикаш юхкучу нахаца хиллачу тийсадаларшна тIехула лаьцна и шиъ. Ниццехь веха 30 шо долу вахархо а, Доль олучу коммунехь веха 30 шо долу жимстаг а ву вуьйцург. Кхел хиллалц лаьцна латтош ву и шиъ, яздо France Info гIирсо, гIалин прокуроран Матэ Эрикан дешнашна тIетоьвжина. Итт шерашка кхаччалц хенаш кхачайо цу шинна.
Дижон гIалахь Мангал-беттан 12-15-чу деношкахь, нохчийн цхьана жимачу стаганна йиттича, нохчашний, Африкера схьабевллачу бахархошний юкъахь дов иккхира.
Ницца гIалин мэрана Эстрози Кристианна арз дира кхеле францхойн "Лига прав человека" органиацино, цо массарна а хезаш "динан къестамаш барца доцург кхолларна". И кхайкхам бина, байначу баттахь мэро Дижонехь хиллачунна тIехула Францехь беха нохчий наркобизнесца боьзна бу аларна, яздо France Info гIирсо.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?