Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусах велла 14 стаг, ун даьлла кхин а 591 стагана. Вирус ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь кхелхина пхи дархо, Краснодаран кIоштахь виъ, Ставрополан махкахь кхоъ, Адыгейхь а, ГIебарта-Балкхаройчохь а цхьацца велла.
Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьржичхьана COVID-19 вирусах кхелхина лоруш ву 1 450 стаг.
Къаьсттина дукха бу ун даьлларш тIаьххьарчу 24 сахьтехь динчу зерашца, Ставрополан махкахь - 140 стаг:
Ставрополан махкакхь+140 (14 348 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 92 (12 843)
Дагестанехь +84 (12 429)
Кхарачой-Чергазийчохь+63 (6 221)
ГIалмакхойчохь +61 (5 612)
ГIалгIайчохь +45 (5 089)
ГIебарта-Балкхаройчохь +43 (7 149)
Къилбаседа ХIирийчохь+33 (5 408)
Адыгейхь +23 (3 753)
Нохчийчохь + 7 (2 368)
Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь 75 220 стаг ву COVID-19 вирус кхетта. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь билгалваьлла коронавирусан уьнца 1 091 186 дархо.