ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн протестийн кхин а цхьа декъашхо политикан тутмакх лерина "Мемориало"


Магасера митинг
Магасера митинг

Нохчийчоьнца ГIалгIайчоьно дозанаш къастош бинчу бертана резабоцучара Магасехь хIоттийначу митинган декъашхо Хамхоев Мохьмад политикан тутмакх ву аьлла, дIакхайкхийна бакъоларъяран "Мемориал" центро. Хамхоев бехкево, стохка Зазадокху-баттахь хIоттийна хилла митинг дIайохочу полисхошна дуьхьал ницкъ баккха нах тIехьехарна.

"Хамхоев лацааран цхьа бахьана бен дац вайна гуш: цуьнан гергарчу нахана тIеIаткъамбар. Коьрта бехкевечу къаночун Барахоев Ахьмадан нуц ву иза, иштта ГIалгIайчоьнан муфтин Хамхоев Iийсан вешин кIант а ву. Муфтица масех шарахь девнехь вара хIетахь мехкан куьйгалхо лаьттина Евкуров Юнусбек", - аьлла ду бакъоларъярхойн дIахьедарехь.

Магасера митинг бахьана долуш бехкала озийра хIетахь 44 стаг. Хьалхо бакъоларъяран "Мемориал" центро политикан тутмакхаш бу аьлла, билгалбаьхнера Барахоев Ахьмад а, Ужахов Малсаг а, Мальсагов Муса а, Чемурзиев Барах а, Нальгиев Исмаил а, Саутиева Зарифа а, Хаутиев Багаудин а.

Зазадоккху-беттан 26-чохь Магасехь митинг дIаяьхьира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш барт барна дуьхьал. ШолгIачу дийне яьллачу цу акцехь тасадаларш хилира гулбеллачийн а, полисхойн а. И бахьана долуш толлучу бехктакхаман гIуллакхехула лаьцна ву тахана 30 гергга стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG