ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Путинна дуьхьал кхин аравалахь, оха вуьйр ву хьо". Ронни Ставрополера дIавахар


Волкова Алиса

Айрапетян Рональдан 21 шо ду. Шен жигаралла бахьанехь Ставропол-махкахь вевзина ца Iа иза. Кавказехь дукха наханна вевза «Ронни-оппозиционер» - иштта ю цуьнан цIе телеграм-каналехь.

Кху беттан 11-чохь, Пятигорскан администрацина хьалха плакат лаьцна Iаш, лецира иза. "Яблоко" партин жигархо, "Оьрсийчоьнан Цхьаалла" партина дуьхьал акци еш латтарна. Цул хьалха Ессентукехь лецира – изза пикет бахьанехь.

Оцу юкъанна сих-сиха кхочура цунна кхерамаш туьйсу кехаташ а, телефон чу хаамаш а. КхидIа етта а йолийра Роннина, цуьнца гамо лаьцначара Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна критика ян доьхкура цунна.

Кавказ.Реалииина ша еллачу интервьюхь Айрапетян Рональда дийцира шен политикан лаамех а, туьйсучу кхерамех а, вевзаш воцчу стага шена урс тохарх а, шен некъ бахьанехь ша болх ца карош леларх а лаьцна. ХIинца Краснодар-махка дIавахана иза.

- ХIун ду хилларг, Рональд?

- Пятигорскехь рогIерчу пикетехь лаьттинчул тIаьхьа, сарахь, сайн цхьана накъосте, волавала, садаIа сайца аравалар дийхира ас мессенджерехула, тIаккха къамел дира телефонехула. Тхан къамеле цхьамма ладоьгIначух тера дара. Банкана хьалхьа пхи минот яьлча цхьаьнакхета барт бира оха. 21.10 хан йолуш со аравелира, банк йолчу кхечира, тхойша дикка дIасаволавелира цхьаьна. 22.30 хан йолуш со сайн цIа кхечира, тIекIелдинчу цIийнан кхоалгIачу гIат тIе. Со тхайн петарна тIекхаьчча, серло ша, автоматикаца, хьалалетира – урс карахь, юьхьах туьтмIаьжиг а йоллуш, стаг вара лаьтташ. Цо тийначу озаца элира соьга, мохь а ца хьокхуш, шена тIевола. Со пенах дIа а таIийна, шозза дайн урс суна гай тIе лецира. Ас пресс юьйлинера, сов чIогIа лаза а ца вира. Юха и урс логе а хIоттийна: "Путинна дуьхьал, цуьнан партина духьал плакат карахь кхин Ставропол-махкахь аравалахь, оха вуьйр ву хьо, иза 100 процент ду хьуна," – элира соьга. Со эгIийна, дош ца алалуш лаьттира юьхьанца, тIаккха ас элира, кхин вер вац со плакатца ара. Иза тIаккха, со лаьтттачохь а витина, сихха дIавахара.

Айрапетян Рональде кхерам тосуш яздина кехат
Айрапетян Рональде кхерам тосуш яздина кехат

- Цо чов йирий хьуна?

- Меллаша гайх уьрсан юьхьиг Iоьттира, пресс ас юларна, чов йоцуш дисира. Лар а дIаяьлла хIинца.

- Шайн доьзална хIинца кхерам бац аьлла хета хьуна? Тешна вуй хьо цунах?

- Хетарехь, бац тхан доьзална кхерам хIинца. Со бахьанехь ма дарий и дерриг а. Шина баттахь сов лийлира со пикеташка, Кисловодскерчу мэрина хьалха лаьттира бIаьста кхузза. Цигара со эккхийра, проблемаш йийр ю шаьш суна, аьлла.

- Полице арз ца дина ахь?

- Ца дина, цигара нах хила мега суна кхерамаш туьйсурш. Ца ваьхьира со яздан. Iуьйранна сайн хIуманаш вовшах а тоьхна, Соче кхаччалц билет а эцна, аравелира, хIинца Лазаревскан кIоштахь ву, отелехь. Кхузахь яздийр ду ас полице арз. Дешан бакъо бахьанехь махкахваьккхинарг ву со. ТIаьхьабевлла суна, дIасацош ву со. Сайн позици иштта атта юьтур яц ас. Кху Лазаревскехь цкъа меттаван веза со, гурралц йолчу ханна петар а карийна суна. Хьалххе дехарш чу а луш, гуламашка, пикеташка аравийр ву со.

- Дукха хан юй хьо оппозиционер волу?

- Со оппозиционер сайн 16 шо кхаьчча дуьйна ву. 18 шо долуш ас Ессентукехь, магийначу митингехь дакъалаьцна дуьххьара. Делахь а, политикан жигархо сох кху муьрехь хилла, "Яблоко" парте ваьлча, иза кхушеран Охан-баттахь дара.

- Хьуна гонахарчу наха муха тIеоьцу хьан жигаралла?

- Балхара дIавала дийзира сан ас дуьххьара Кисловодскан администрацина хьалха пикет йича. ТIеман санаторехь официант вара со хIетахь, кхин корматалла караерзо ахча гулдеш вара. «Оппозицин хьажам болу белхахо тхуна ца оьшу», элира соьга. Сайн лаамехь балхара дIавала бохура, я шаьш воккхур ву, элира. Цкъа протокол а хIоттийра суна, ас Кисловодскехь акце ваха воллу со, аьлла, кехат дахьийтича. Базарахь маска а йоцуш болх беш хаавеллера со, полици еара, со цхьаъ хилла ца Iара маска ца лелош, амма суна бен ца дира таIзар. Со вара тергалвийриг, веккъа со цхьаъ.

- Ставрополерчу "Яблоко" партин декъан куьйгалхочо Зубенко Виталийс дийцира хьоьца нисделлачух лаьцна, ша партин цIарах прокуратуре арз дахьийтина, бохура цо. Жоп деаний прокуратурера?

- ХIан-хIа, ас кху беттан 7-чохь а, 8-чохь а полице динчу орзана а ца делла жоп. Цара хIумма а ца до, со тергал дIа а ца во цара. Сайна кхерамаш ма-тессина яздинера ас.

- Оццул стенна бу хьоьга тергам? Цхьалха пикеташ йийриг хьо бен вац?

- Бакъдерг аьлча, вац. Жигаралла яц оцу тIехь цхьаьнцца а. Дзугаев Аланна тIелетта, кхеташ ду, кестта харжамаш бу. Амма царна магийра митинг ян.

- Стенна оьшу хьуна оппозиционер хила? Иштаниг махкахь наха лелош а ца хилча?

- Ахчанца ца дозу иза, ахча стенггахь а даккхало, муьлххачу а хенахь. Iедало аьшпаш буьтту, цуьнан коьртачу партино а буьтту, дIабоху конкуренташ, оцо вина сох оппозиционер. Ткъа оцу партин лидераш беха 100 миллион сом мах болчу цIенош чохь. Хьераяьлла лелаш коррупци ю. Немцов а, Политковская а йийнарг - иза билггал стаг ву, вайна массарна а вевза. Хин бухахула лела "Курск", Беслан – и берриг а цуьнан бехк бу! Цо Навальныйна дIовш далар дац лан йиш йолуш хIума. Беларуссехь лаьттачу протесташа яьккхинчу гIовгIанна юккъехула зуламаш леладо цо. Пачхьалкхера коьрта оппозиционер дIаваккха а гIоьртина, галбевлла и Iовдалш. Стенна хилла сох 16 шо долуш оппозиционер, хаьттира ахь? Сан дерриг а дахар ду карарчу хенахь даржехь волчу президентан хенаца схьадогIуш. Со 1999-чу шарахь вина, оцу хенахь дуьйна Iедал дац хийцалуш. Еккъа цхьа диктатура, авторитаризм ю, ницкъ бац кхин иза лан.

- "Яблоко" стенна хаьржина ахь?

- Суна и парти уггаре диканиг хета оппозицин некъахь, тоьларг ю иза. Цундела ас Краснодар-махкахь а хестор ю иза, цуьнгахьа бовларе кхойкхур бу нах. Иза ас хьалхачул а чIиркъе дийр ду.

- "Яблоко" партин меттигерчу жигархоша хьайна накъосталла дийр ду аьлла хета хьуна?

- Ставропол-махкахь суна гIо ца дора цхьаммо а, Зубенко Виталий а. цуьнан зуда а доцчара. Кхоьру массо а чIогIа. Амма Краснодар-махкахь тхан парти алссам яьржина ю. Сан сатийсам бу Сочехь 1000 стаг митинге гулван. Ас кестта кехат дохьуьйтур ду мэре, гулам кечбеш.

- Ставропол-махкахь стенна кхоьру нах? Путинехьа болчара хьийзориг хьо цхьаъ хилла ца Iа?

- Ца Iа, "Яблоко" партин декъашхо ву Бобров Кирилл. Массех пикет цо хIоттийча, «наркотикашна тIехула» набахте хьажийна иза 1,5 шарна. Соьца хиллачо гуттаренна а кхерор ю цигара оппозици.

- Ткъа митингаша а, пикеташа а цхьа хийцам бохьур бу аьлла хета хьуна? Нах арабовла кхоьруш хилча?..

- Бохьур бу дера хийцамаш-м. Нах арабовлахьара пикеташка, цо жамI лур дара, Путинний, цуьнан партиний дуьхьал гуламаш ца бойту, хIинца-м коронавирус а ю. Дика бахьана ду иза царна! Бакъду, пикеташ ян а дихкина. Сан масал ду-кх долуш! Со цхьаъ бен вац. Массо а гIаланашкахь нах арабевлча, кхин хьал хIуттур дара. Маьрша, цхьа а летарш а доцуш.

- ХIун хир ду Ставропол-махкарчу оппозицех хьо а воцуш? Бевр буй хьан некъа кхиберш?

- Бевр бац, суна хетарехь, со а, со саннарш а охьатовIийначул тIаьхьа. Декъазчарна етта, кхиберш кхерийтархьама – иштта ю Кремлан тактика. Навальныйна дIовш делла. Дуьхьало ян ницкъ боцчунна дина и зулам. Арабуьйлу нах, уьш лоьцу. Навальныйна дIовш ма-делли, буьйлабелла оппозицина тIелета: блогерна Жуков Егорна йиттина, Дзугаев Аланна тIелетта, хIинца – суна. ЗIе ю оцу массо а зуламашна юкъахь.

***

Жигардаьлла Оьрсийчохь оппозиционерашна зенаш дар. Навальный байначу беттан 20-чу дийнахь, цамгар а хьадда, Томскера дIавоьдуш, кеманчуьра охьавоссийра Омскехь, дарбан хIусаме кхачош. Цигара вигира Германе, клинике. ТIаьхьо Европерчу кхаа лабораторино тIечIагIдира цунна "Новичок" дIовш делла хилар. Оппозиционеран накъостий тешна бу зуламна бухахь Оьрсийчуьра Iедал хиларх.

Харжамаш цIена дIабахьийтарехьа болчу боламан жигархочунна, блогерна Жуков Егорна йиттира байначу баттахь Москвахь.

Ши кIира хьалха тIелетира "Гражданский город Ессентуки" цхьаьнакхетараллин лидерна Дзугаев Аланна. Балхара цIавоьдучу цунна травмат-тапча тоьхна коьртах шозза, цул тIаьхьа когах тоьхна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG