ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ужахов Малсаг лаьцна вуьтур ву кхин а шина баттахь


Ставрополан кхело лаьцна вуьтуш кхин а шина баттана дIаяхъйина Ужахов Малсаган хан. 67 шо долчу къаночунна бехкаш дехкина, Iедалан векалан могашаллина зен дар, нах къепе йохо, низамехь доцург лелон гIовттор, оцу Iалашонца Iедалх йоцу юкъаралла кхоллар аьллачу артиклашкахь.

Стохка Зазадокху-баттахь митинг йирзинчул тIаьхьа 150 эзар соьмана гIуда туьйхира Ужаховна, Чиллан -баттахь адвокатан аьтто хилира итт эзар соьме гIуданан барам охьабаккха.

Товбеца-баттахь Гезгамашин-беттан 25-чу дийне кхаччалц лаьцна ваитира иза. ПхоьалгIачу кассационан кхело Лахьан-беттан 25-чу дийне кхаччалц Ужахов чохь вуьтуш, сацам тIеэцна хIинца.

Ужахов Малсагца диабет-цамгар ю, дог лозуш а ву иза, амма кхело тергал а ца дина шаьш оцу хьокъехь дина дIахьедарш, элира лаьцначун адвокато. Талламан материалаша бахарехь, кхел хиллалц маьрша витахь, къайлавала там бу Ужахов.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG