Нохчийчуьрчу Iедалхоша диллина, цIена, тешаме къамел до бахархошца, цундела Малхбузен питанашна дуьхьало латтало аьлла, яздина нохчийн куьйгалхочо Кадыров Рамзана "ВКонтактерчу" шен пена тIехь.
"ТIаьххьарчу заманчохь Нохчийчоьнан куьйгаллийна а, нохчийн къомана а дуьхьал кеп-кепарчу социалан машанашкахь йолийна йоккха информацин кампани ю. Малхбузерчу институташа эвсара йоцучу кепашца, амма тIетаьIIина хьийза бахархой меттахабаха, Iедал а, халкъ а къасто гIерташ. Халкъ а, Iедал а цхьа барт болуш хиларна, тхан аьтто болу муьлхха а провокаци юхатоха. Оцу юкъанна, даггара, бакъ диалог бахархошна а Iедалхошна а юкъахь дIатасадаларна, адамаша шайн позици йовзуьйту, Iедалхойн ледарлонех а, кхиамех а шайна хетарг схьа а хоуьйтуш",- яздина Кадыровс.
Иштта, цо бахарехь, регионехь машар лаьтта, Нохчийчоь кеп-кепарчу сферашкахь кхуьуш хиларна.
"Цо аьтто боккху тхан гучудевлла къхачамбацарш оцу сохьта дIанисдан. Республикехь жигара кхуьуш ду дешар а, Iилма а, экономика а, шен-шен рогIехь белхазаллин хеттарш а ду луьстуш, оха бечу балхо дика жамIаш ло, нахана иза гуш ду, шайгара гIо а латтадо цара тхуна. ХIокху информацин тIамехь тхан коьрта герз - бакъдерг ду", - аьлла, билгалдаьккхина Кадыров Рамзана.
Дахначу кхаарин дийнахь дийца даьккхира Нохчийчуьрчу хаамийн гIирсаша, республикан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна дуьхьал кечдеш питанаш ду Малхбузерчу цхьана пачхьалкхехь аьлла. Оцу гIуллакхана леринчу къайлахчу лабараторешкахь цуьнан маска ю яйтина аьлла бара "Чечня Сегодня" агенталло бина и хаам.
Цуьнан информацица, Кадыровн сибатехь йина маска гойтуш видео яьржийна социалан машанашкахь. Къаьстира, и хаам eldit_net инстаграмерчу аккаунтера зорбан гIирсаша схьаэцна хилар. Видеона буха яздина ду, "Шолхаг" ("Двойник") аьллачу кодан цIарца Европехь Кадыров Рамзанна дуьхьал кечъеш операци ю аьлла.
Маска йина йолуш лаьтта, "цуьнах пайда а оьцуш, провокацеш лелон нах бу лоьхуш", яздо REGNUM агенталло. Билгалдаккха догIу, яьржина информаци бакъйеш, официалан гIирсашкахь тоьшаллаш цахилар.