ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"И кIант ша-башха ву". UFC-н куьйгалхочо Чимаев Хьамзатах лаьцна


Лас-Вегасерчу Fight Night 178 турнирехь Америкера латархо Миршерт Джеральд эшийначу Швецерчу латархочо Чимаев Хьамзата ша чIогIа цецвьккхина, аьлла UFC-юкъараллин куьйгалхочо Уайт Данас.

"Цкъа тоьхна. 17 секундехь. И кIант ша-башха ву. Со бизнесехь волу вуно дукха хан ю. Суна гина сийлахь-баккхий латархой богIуш а, боьлхуш а, амма иштаниг цкъа а ца гина", - яздина Уайта твиттерехь.

Шоьтан сарахь латар доладеллачу 17 секундехь накаутца шена дуьхьаллаьтта Миршерт Дональд а эшош, UFC-н толам баьккхира 26 шо долчу Чимаев Хьамзата. Кхузза летта иза UFC-хь, тоьлла кхуззе а.

  • Чимаев Хьамзат Нохчийчуьра схьаваьлла, карарчу хенахь Швецехь веха спортхо ву. Шен карьера йолош, цо белхаш бина буса клубашна хадечу компанехь а, кхача шелбечу фабрикехь а.
  • Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь Чимаевс дийцира, шена спорт шен болх хета, цундела дозалла а доцуш къахьоьгу ша цигахь, аьлла. Шена ца хета ша Нурмагомедов Хьабибца летар ву аьлла, цо кеста октагон йита а тарло, бохура Чимаевс.
XS
SM
MD
LG