ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а 4 пачхьалкхе хIаваан некъаш схьадиллина Оьрсийчоьно


Тахана Оьрсийчуьра Белорусе а, Казахстане а, ГIиргIазойчу а, цигара дIа а лела дуьйлалуш ду кеманаш, ткъа Гезгмашин-беттан 27-чохь рейс ю схьайоьллуш Къилба Корейца. Оцу хьокъехь сацам тIечIагIбина Оьрсийчоьнан премьер-министра Мишустин Михаила.

Оцу мехкашкара бахархой а, цигахь баха бакъо йолу нах а Оьрсийчу бахалур бу, цуьнан урхаллаша дехьа-сехьа бийларх терго ярца. Юьйцучу пачхьалкхийн коьртачу шахьаршка кIиранах цкъа лелар ду кеманаш, боху Iедалан хаамо.

Бахначу баттахь йолийна Оьрсийчоьно шен рейсаш Туркойчу, Британе, Танзане, Швейцаре, Мисара, Эмираташка, Мальдиван гIайрешка.

Оьрсийчоьнан министрийн кабинето хьалхо дIахьедира, кеманашна дозанаш доьлла оцу пачхьалкхашца шина а агIор, аьлла. Машенашца Оьрсийчуьра дIасалела йиш ю цкъачунна Белоруссе а, Польше а, Желтойчу а.

Пандеми йолаелчхьана схьа 76 эзар стагах хьакхаелла коронавирус Белоруссехь, 107 эзарнах – Казахстанехь, 45 эзарнах – ГIигIазойчохь, 23 эзарнах – Къилба Корейхь. Миллионал сов нах бу COVID-19 ун кхетта Оьрсийчохь.

XS
SM
MD
LG