ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Чехин могашаллин министра дарж дитина COVID-19 бахьанехь


Оршотан дийнахь ша шегара дарж дуьту, аьлла Чехин могашаллин министра Войтех Адама. Цуьнан бахьана ду пачхьалкхехь коронавирус цIеххьана дIасаяржа йолаялар – уьно болар сихдарца дуьнентIехь хьалхарчу меттигашка кхаьчна Чехи.

Войтех шегара дарж дита кхайкха долийра оппозицин жигархоша кху деношкахь. Премьер-министра Бабиш Андрейс баркалла аьлла Войтехна шен болх хIинццалц схьа дика барна. Ткъа ша экс-министра бахарехь, вирус дIалакъош цо шега далург дерриг а дина ша даржехь волуш.

БIаьста Чехино шогга дуьхьало йира коронавирусна. Оцу бахьаница Европехь уггаре лахара дара цигахь ун даржар а, цунах хуьлу баларш а. Цуьнца доьзна эксперташа хестайора и пачхьалкх.

Аьхкенан беттанашкахь дерраш а санна дIадехира махкара карантинан дехкарш. Амма Марсхьокху-баттахь цIеххьана деста дуьйладелира уьнах цомгуш хуьлучийн терахьаш – 10 миллион вахархо волчу Чехехь карарчу муьрехь дийнахь-буса цомгуш хуьлу 2000 сов вахархо (бIаьстачул дуккхаза а сов).

Карантинан хьал юхадерзош ду пачхьалкхо.

Коронавирус цIеххьана яржайоьлла Европерчу кхин а масех махкахь, масала, Испанехь, Францехь, Британехь.

Карантин массо а бахархошна юхахIоттийна дIадахначу кIиранах Израило.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG