Нохчийчуьрчу Невран кIоштарчу вахархочунна Арсанухаев Эйдина экстремистийн ДАIИШ тобане нах ийзорна набахтехь яккха 8 шо хан тоьхна кхело.
2017-чу шеран аьхка шен кIоштарчу Алпатово юьртара бахархой ДАIИШ-ан могIаршка кхойкхош хилла цо. Иштта хаам баржийна Нохчийчуьрчу ФСБ-н урхаллин пресс-векалто.
- Хьалхо Кавказ.Реалиино хаийтира Ростоврчу тIеман кхело терроризманна беке а вина, Нохчийчуьра вахархо Таймусханов Султан 6 шарна набахте хьажорах лаьцна.
-
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?