Оьрсийчоьнан Оперативан штабо пандемин дарех лаьцна бечу тIаьххьарчу хаамца, Къилбаседа Кавказехь д1адахначу дийнахь а, буса а коронавирусах дарбан хIусамашкахь дIаваьлла 10 вахархо, цомгуш хилла кхин а 608 стаг.
Дагестанехь велла пхи дархо, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь – шишша. Пандеми йолаелчхьана схьа уьнах белла Къилбаседа Кавказехь, официалан статистико бахарехь, 1500 ца кхоччуш бахархой.
Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а гучудевлла дараш:
- Ставропол-мохк +140 (14769)
- Краснодар-мохк + 92 (13123)
- Дагестан +85 (12685)
- ГIалмакхойчоь +73 (5823)
- Кхарачой-Чергазийчоь +65 (6416)
- ГIалгIайчоь +46 (5231)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +42 (7276)
- Къилбаседа ХIирийчоь +34 (5508)
- Адыгей +25 (3824)
- Нохчийчоь + 6 (2384)
Верриг а цомгуш хилларг ву регионехь официалан хаамашца 77039 стаг. Оьрсийчохь и терахь хьаладаьлла 1 миллионал (1 109 595).
*Оьрсийчоьнан официалан статистико юкъаоьцу аннекси йинчу ГIирмера терахьаш а.