ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Навальныйс шен бедарш схьайоьху: "зуламан тоьшалла ду цаьрца"


Оппозиционера Навальный Алексейс Омскерчу дарбан хIусамехь йисина шен бедарш дIаехна Оьрсийчоьне. Оцу хьокъехь яздина цо шен сайтехь.

Ша "тIеман дIаьвшаца вен гIоьртина" боху Навальныйс. "Таллам боло юьллу хан" чекхъяьлла, 30 де дуьзина дIовш деллачул тIаьхьа, "Оьрсийчохь бехктакхаман гIуллакх айдина а дац, моьттур ду со кеманчохь тиларчуьра ца ваьлла, супермаркетехь охьакхетта, ког кагбина Iа", – яздо оппозиционера.

Кхечу кепара шена хиндерг ган а ца гора, таллам бан луш йолу хан чекхъяьлла, "коьрта тоьшалла" ду шен духар, иза шена дIадаийта, боху Германерчу клиникехь Iуьллучу Навальныйс.

Германин Iедало, лабораторийн зерашна тIе а тевжаш, тIечIагIдина Навальный Алексейна Оьрсийчохь "Новичок" дIовш делла хилар – цуьнан ларш карийна дархочун дегIаца. Навальныйн накъосташа бинчу хаамца, дIовш хааделла цо хи меллачу шишанна тIехь а, кхечу цуьнан хIуманашна тIехь а – уьш цара Германерчу талламчашка дIахьовсийна.

  • Марсхьокху-беттан 20-чу дийнахь Омскерчу дарбан хIусаме кхачийра кеманчохь вон хилла, тиларчуьра ваьлла Навальный. Ши де даьлча Германера баьхкинчу лоьраша дIавигира иза Берлинерчу "Шарите" клинике. Цигахь шина кIиранах Iийра кхетамчу ца вогIуш.
  • Бундесверан а, кхечу кхин а шина пачхьалкхерчу а лабораторийн зерашна тIе а тевжаш, Германин Iедало дIахьедина Оьрсийчоьнан тIеман къайлахчу дакъошкахь бен хуьлийла доцу "Новичок" дIовш Навальныйца карорах лаьцна.
  • Оьрсийчоьнан Iедало шеконе дуьллу Навальныйна дIовш делла хилар, Москварчу лабораторешна цьунца а, цуьнан бедаршца а дIаьвшан лар хааелла яц, боху цо.

XS
SM
MD
LG