ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Иркутскехь мохк бегийна, эпицентрера ластам – 5.5


Сейсмологин терахьашца ластам 5.5 а болуш, мохк бегийна Иркутскехь.

Латта дегош хааделла Иркутскан махкахь а, Бурятехь а. Оцу хьокъехь хаам бо Сибирь.Реалиино, меттигерчу хьосташна тIе а тевжаш. Европан-Лаьттаюккъерчу хIордан сейсмологин центро тергалбина ластам бу 5,5 балл. Хиламан эпицентр Байкал ишална гергахь, Култук юьртахь, Иркутсканна 71 километр юьстах ю.

Социалан машанашкахь бахархоша бечу хаамца, шозза бегийна мохк, юкъа 20 минот а юлуш. Бохам хиларх лаьцна бац хаамаш.

Iилманчаша динчу зераша бахарехь, Иркутск лаьтта кест-кеста мохкбегочу меттехь, лестамийн амплитуда нисло цигахь 7-8 балле кхочуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG