ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан омранаш: политрук «денвеш» ву, кхелахошна алапаш лакхадохуш ду


Оьрсийчоьнан Къоман Гвардехь (иза кхоьллина 2016-чу шарахь) тIеман-политикан болх вовшахтохарх лаьцна омра арахецна президента Путин Владимира.

Омрано ца хоуьйту муха хир ду тIеман-политикан белхан хатI. Амма тIеман министраллехь кхо бутт хьалха кхоьллинчу Коьртачу тIеман-политикан урхаллин сайто бечу къастамца, оцу урхаллин Iалашо ю "тIеман-политикан пропаганда а, агитаци а " лелор, "эскархойн синкхетам, политикан хьажам кхиор", эскархочух "ойланца вуьззина тIемало вар".

Политрукийн институт Советан Iедалан эскаршкахь кхоллаелира 1919-чу шарахь. Лаьттина Советан пачхьалкх йоххалц.

Кхин цхьа омра а арахецна Путин Владимира оршоьтан дийнахь: кхелахошна алпаш 3% лакхадохуш. Документо бахарехь, алапаш лакхадаха сацамбина "кхелахошна социалан гарантеш кхачорхьама" а, "кхел яр дуьззина, дазар доцуш" хилийтархьама а.

XS
SM
MD
LG