ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росстат: пачхьалкхехь баларш стохкачул алсамдевлла кхушара


Оьрсийчоьнан статистикан урхаллин Росстатан терахьаша гайтарехь, 2020-чу шеран ворхI баттахь хилла баларш ду стохкалерчу ворхI баттахьчул 58 эзар гергга сов.

Оцу хена чохь COVID-19 уьнах велла Оьрсийчохь 22,6 эзар вахархо, 15,3 баларш кхечу цамгарех ду аьлла яздинехь а, оцу беллачийн диагнозехь коронавирус а ю. Оцу хьокъехь яздина, Росстатан информацина тIе а тевжаш, "Медицинский вестник" хьосто. Ткъа Москварчу могашаллин депортаменто дIахьедина, баларш шахьарахь стохкачул совдовлар дозу кхушара яьржинчу коронавирусца, аьлла.

Росстато бакъдо коронавирусах беллачу нехан терахьаш статистикехь галморзахдовлуш хилар. Оьрсийчохь уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан хаамашкахь Охан-баттера схьа кху хенналц беллачийн барам бу 19 200 гергга. Ткъа Росстатан терахьашца Охан-баттера схьа, беа баттахь, уьнах Оьрсийчохь велла 22 590 стаг. Лазар кхеттачу нахах 2% сов хуьлу иза.

Терахьийн шалхе кхоллаелла Оьрсийчохь бахархойн хьал реестре доккхучу урхаллин хьукматаша (ЗАГС-аш) карантинца доьзна шайн болх лагIбина латтийна хиларна, боху Росстато.

  • Могашалла латторан хьал тергалдечу Росздравнадзор урхаллина хьалхо гучуделира коронавирусах нисделла баларш цхьайолчу дарбан хIусамашкахь харц диагнозца дIаяздеш хилар.

XS
SM
MD
LG