ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь гIелоярна блогерна Ломаев Мусана компенсаци яр тIедожийна Оьрсийчоьнна Европан кхело


Финляндехь веха нохчийн мухIажир, Оьрсийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а Iедалан критик Ломаев Муса тоьлла цунна Оьрсийчоьно гIелояр толлучу Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан девнехь.

2004-чу шарахь цунна Соьлжа-ГIаларчу полицино йинчу гIелонна жоп луш, Оьрсийчоьно компенсаци йийр ю 50 500 еврона. Шен толамах лаьцна Ломаевс ша хаам бина Кавказ.Реалиига. Цо бахарехь, Европан кхело цунна кхерамзалла кхачош, къайлаяьхьинера цуьнан цIе дов луьстучу муьрехь.

"Со воккхаве оцу сацамах. Новкъа ду со хьийзийначу, суна дуьхьал бехкаш кхоьллинчу къацахетарех цхьаберш дийна боцуш, жоьпалле ийзо уьш дуьнентIехь боцуш. Суна гIелойиначех шиъ ву хIинца а дийна, вуьйш бац". – дийцира мухIажира.

Ломаевн агIор цуьнан гIуллакх дIахьош яра "Правовая инициатива" проект. Цо шен сайтехь дуьйцу 2004-чу шарахь Ломаев полицино шен цIера дIавигарх а, Нохчийчоьнан шахьаран Ленинан кIоштан полицехь а, махкарчу ОРБ-н декъа тIехь а масийтта баттахь хьийзорах а, ток еттарх а, сийсазвийр ву, нана юьйр ю, бохуш, кхерамаш кIел тийсарх а лаьцна.

Кхело тIечIагIдина Оьрсийчоьно, Европан адамийн бакъонийн конвенцин тIедахкарш а дохош, Ломаевна тIехь Iазап латтийна хилар.

Страсбурган сацамо Оьрсийчоь декхарейо бехктакхаман дов гIатто а, иза буьззинчу барамехь чекхдаккха а.

  • Кхо бутт хьалха Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин адамийн бакъонийн кхеташоно Оьрсийчоь бехке лерира Ломаевна а, кхин а пхеа нохчочунна а тIехь Iазап латторна а, оцу хьокъехь бехке нах жоьпе ца ийзорна а.
  • Карачу хенахь Финляндин полици толлуш ю кху беттан юьххьехь Ломаев вен гIортар. Киллер хила тарлуш волу стаг лаьцна ву.
  • Ютубехула Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а Iедална критика еш схьавогIу Ломаев Муса. Цунна Iедалхоша гIелоярх лаьцна алссам яздира 2006-чу шеран гурахь Москвахь йийна йолчу журналиста Политковская Аннас.

XS
SM
MD
LG