ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь гулам бохийна Росгвардино. Лазийнарш бу


ХIинжа-ГIалица йозучу Красноармейское юьртахь гуламе бевлла бахархой ницкъаша дIасалаьхкина Росгвардин декъо. 20 стаг лаьцна, шинна чевнаш йина, аьрташ лазийна бу дуккха а гуламхой. Иштта хаам баржийна "Черновик" газето.

Бахархой арабевлла хилла шайн юьртан долахь ларалучу лаьтта тIехь юьстахарчу хьукматашка гIишлош ца яйта. Гулбеллачийн терахь 300 кхочура, яздо дозуш доцчу газето.

ТIе гIишлош хIитто долийна латта гоне лаьцна хилла Росгвардин декъо, цунна тIе тIулгаш детта буьйлабелла Красноармейское юьртара нах. Ницкъхоша ирх герзаш детта долийна, юкъаяьхна гIожамаш, электрошекараш, бIаьргех хидоккху газ.

Арара лехьийна ца Iаш, шайн-шайн хIусамашкара а бигина нах полице.

Красноармейское юьртарчу наха шайн хилла латта къуьйсу ду пхийттех шо. Конфликт йолаелла Нохчийчуьра юхабаьхкинчу дагестанхошна оцу юьрта йистехь бошмаш лур ю аьлла долийча. 1944 шарахь Нохчийчу дIакхалхийна, 1957 шарахь юхабаьхкина доьзалш бу буьйцурш. Къовсаме даьллачу лаьттан статус билггал хууш яц, архиваш дийна ца йисина, чIагIдо хьаькамаша.

2000-гIачу шерийн юьххьехь стоьмийн бошмаш ен магийна хилла къовсаме даьллачу лаьтта тIехь, амма доьхкуш хилла гIишлош ян.

Красноармейское юьртарчу бахархоша шаьш кест-кеста хIитточу гуламашкахь доьху Iедале оцу лаьтта тIе «хийра нах» а ца хийшош, шайга хIусамаш яйтар.

XS
SM
MD
LG