ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ялх тутмакх ведда Дагестанерчу набахтера. Лаьтта бухахула


ХIинжа-ГIаларчу №2 набахтера ялх тутмакх ведда. Уьш лаха арабевлла дуккха а ницкъхой.

Кавказ.Реалиига Федералан таIзар кхочушдаран урхаллин Дагестанерчу декъан пресс-векалто бинчу хаамца, лецна кхобурш набахти чохь боцийла хааделла шинарин буса, 23:40 хан йолуш. Набахтин керта йистошца карийна лаьттах даьккхина Iуьрг.

Итт шарал сов хенаш тоьхна хилла, 5-11 шераш такха дисина нах бу бевддарш, билгалдаьккхина Дагестанерчу набахтийн куьйгалхочо Поляков Андрейс.

"Сихха гIаттийна Дагестанера набахтешна тIехьожу тоба. Хаш хIиттийна лехам дIахьош. Массо а ницкъхошка дIасакхачийна тутмакхе йолу информаци", - боху набахтийн урхалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG