ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхуьуш ду уьнан дараш. 19 стаг велла дийнахь-буса Къилбаседа Кавказехь


Къилбаседа Кавказехь коронавирусах велла кхин а 19 стаг. Дийнахь-буса цомгуш хилла 608, боху Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан статистико.

Дагестанехь велла ворхI стаг, Краснодар-махкахь – пхиъ, Ставропол-махкахь, ГIалмакхойчохь, ГIалгIайчохь - шишша, ГIебарта-Балкхаройчохь – цхьаъ. Верриг а уьнах велларг ву Къилбаседа Кавказехь, официалан хаамашца, 1527 стаг.

Дийнахь-буса а, юхьанца дуьйна а кхиина цомгушчийн терахьаш:

  • Ставропол-мохк +143 (15057)
  • Краснодар-мохк + 94 (13313)
  • Дагестан +83 (12851)
  • ГIалмакхойчоь + 69 (5954)
  • Кхарачой-Чергазийчоь + 64 (6546)
  • ГIалгIайчоь + 49 (5328)
  • ГIебарта-Балкхаройчоь +41 (7360)
  • Къилбаседа ХIирийчоь +34 (5575)
  • Адыгей +26 (3873)
  • Нохчийчоь + 5 (2393)

Таханенна Къилбаседа Кавказехь Iедало коронавирусах велла лору 78250 вахархо, ткъа ерриг а Оьрсийчохь - 1 122 241.

XS
SM
MD
LG