Оьрсийчуьра оппозиционер Навальный Алексей шинарин дийнахь аравалийтина Берлинерчу "Шарите" клиникера. Иштта хаам баржийна клиникан сайто.
"Стационарера аравалийттал дика а волуш, дIавахана пациент. 32 дийнахь Iиллира Навальный Алексей "Шаритехь", оцу денойх 24 цо реанимацехь даьккхира. Лоьрашна хетарехь, иза вуьззина товала тарлуш ду. Ткъа дIаьвшан цхьайолчу тIаьхьалонех лаьцна цкъачунна алалур дац", - боху лоьраша. Хаам баржийна шен Навальныйн а, цуьнан зудчун а пурбанца, боху дарбан цIийнан сайто.
- Навальный Алексей дIаьвшан симптомашца Омскерчу дарбан цIийне кхачийра байначу беттан 20-чу дийнахь. Томскера Москва доьдучу кеман тIехь тиларчуьра ваьллера иза. Ши де даьлча вигира Берлинерчу "Шарите". Клинике. Шина кIиранах Iийра кхетамчуьра ваьлла.
- Навальныйна "Новичок" дIовш делла хилар гучудаьккхира Германерчу а, Францерчу а, Швецерчу а лаборатореша. ДIовш цунна муха делла хууш дац хIинца а. Германерчу Der Spiegel–о бахарехь, Навальный Iийначу Томскерчу отель чуьрчу хин шишанна тIехь а карийна дIаьвшан лар.
Навальный дарбан хIусаме вуьллушехь дийхира цуьнан накъосташа Iедале иза вен гIортар талла долор. Оьрсийчоьне талламбар дийхира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европан Берто а. Амма Оьрсийчоьнан Iедална оьшуш ца хета бехктакхаман гIуллакх схьаделла. Иза шек ду Навальныйна дIовш делла бохучух – Оьрсийчуьрчу лабортаторешна ца карийна цуьнца дIовш.