ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ВорхI бер дIадуьгур ду Шемара Нохчийчу


Нохчийчуьра бух болу 7 бер Шемара Оьрсийчу кхача тарло кестта.

Берийн омбудсменан Кузнецова Аннин дешнашна тIе а тевжаш, хаам баржийначу Нохчийчуьрчу омбудсменан аппаратерчу векалша дийцарехь, пхи бер ду ДормидонтовгIарех (Макка, Iайша, Хадижа, Мансур, Iумар), АбкаровгIеран доьзалера – шиъ (ПетIамат, Маьхьди).

"Оьрсийн белхалой Шемин Республикехь Iачу юкъанна карийна бераш долу меттиг", - боху Нохчийчохь адамийн бакъонаш тергалъечу президентан векалан аппарато.

Дийцарехь, берийн гергарлонаш къастош, зераш дан схьаэцна ДНК-материал.

  • Бутт хьалха Шемара Оьрсийчу кхачийра 26 бер. Коронавирус яьржичхьана схьа дуьххьара кхочушйина рейс яра иза. ЦIадалийна бераш дара дагестанхой, гIалгIай, гIебартой, балкхарой.
  • Чиллан-баттахь Шемарчу Ал-Хол лагерера Нохчийчу дIадигира ши бер.
XS
SM
MD
LG