Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йишин кIант, мехкан некъан инспекцин коьрта буьйранча Черхигов Идрис хIоттийна Гуьмсан а, Шелковскан а кIошташна тIехьажархо, яздо "Кавказский узел" газето. Оцу даржехь вара хIинццалц Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан.
Черхиговс чекхъяьккхина Москвахь дешаран ши хьукмат - Суворовн цIарх йолу тIеман доьшийла а, ТIеман университет а. Дешна воллушехь вира цунах Кадыровс шен администрацин куьйгалхочун гIовс. 2017-чу шарахь цуьнга елира мехкан некъан кхерамзаллин инспекци. Черхигов Идрисан да, Рамзан, транспортан а, зIенан а министр ву Нохчийчохь.
Черхигов Идриса шен керлачу даржехь шина кIоштан куьйгалхошна дуьххьара дина омра ду нах урамаш, майданаш цIанъян арабахар, хаам бо "Кавказский узело".
Кадыров Рамзана хьалхо секторшка йийкъира республика, царна коьрте шен гонера хьаькамаш а хьовсош.
Карара бутт болалучу дийнахь синбахамаллин министран хьалхарчу гIовсан дарж делла Кадыровн йоIе – Кадырова Iайшате.
Кавказ.Реалии проекто далочу тоьшаллаша гойту Нохчийчуьра дукхахдолу коьрта даржаш КадыровгIеран гергарчу доьзалшна дIасадоькъуш хилар.
Оьрсийн "Би-би-си" хьостан зерашца, Нохчийчохь Iедалан даржашкахь волчу 158 стагах 30 процент Кадыровн гергарнаш бу, 23 % - цуьнан юьртахой, 12 процент доттагIий а, церан гергара нах а.