Дагестанан куьйгалхочо Васильев Владимира айкхаллина ахча кхайкхийна – лохуш бу ХIинжа-ГIалина уллерчу Шамхалерчу №2 набахтера бевдда тутмакхаш.
"Пайде информаци еллачунна, кхераме болу зуламхой талламна схьакаро аьтто бинчунна, Васильевс бахарехь, "лур бу 1 миллион сом мах", - хаам бо мехкан куьйгалхочун администрацин а, Iедалан а пресс-векалто, яздина "Интерфаксо".
Дуьйцу ахча республикан бюджетера схьаэцна, дIадала кийчча ду, билгалдоккху агенталло.
- Кху беттан 23-чу буса, пена бухахула Iуьрг а даьккхина, 6 тутмакх ведда Шамхалерчу набахтера. Набахтин тIехьовсархошна уьш лохуш гIодеш бу федералан центрера коллегаш. Бекхтакхаман гIуллакх айдина набахтин куьйгаллина дуьхьал терго ледара ярна.
-