ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Социалан машанашкара 112 миллион аккаунт лачкъийначу Никулинна кхел ю еш Америкехь


Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн прократуро Калифорнерчу федералан кхеле дехна LinkedIn а, Formspring а машанаш а, Dropbox сервис а яьстинчу хакерна Никулин Евгенийна набахтехь даккха 12 шо къастор. Кхелан информаци йовзийтина Law360 портало.

Сан-Францискерчу бехкькъасторхойн жюрино бакъдина Никулина интернетера сервисаш а йостуш, 112 миллион нехан аккуанташ лачкъийна хиларх долу талламан жамI. Штаташкарчу говзанчаша тоьшалла дарехь, пачхьалкхан исторехь уггаре Iаткъаме къола ду Никулина динарг.

Оьрсийчоьнан вахархо Никулин Евгений лецира 2016-чу шарахь Интерполехула Чехин коьртачу шахьарахь Прагехь. Цо тховкъело йийхира Чехига, амма 2018-чу шарахь иза Штатийн каравелира. Оьрсийчоьно а дийхира хIетахь иза шен даймахка дIавахийтар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG