ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

МухIажиршна бахбелла даймахке боьду некъ


Кху деношкахь ГIиргIазойчоьнан кхо эзар гергга бахархой Казахстанан Оьрсийчоьнца лаьттачу дозанехь биссина, яздо Азаттык Радионо. Пачхьалкхан президенте Жээнбеков Сооронбайга гIо дехна, даймахка юхаберза луучу мухIажирша. Коронавирусна тIехула Казахстано хIинца а къевлина латтош ду шайн дозанаш.

Оьрсийчохь белхаш беш хиллачех ву гIиргIазо Нурланов Эрмек.
ГIишлошъеш белхаш беш вара иза хьалха. Амма тIаьххьарчу баттахь болх боцуш виссира иза, тIаккха ойла хилира цуьнан шен цIа ван. Бевзачаьргара хезира цунна, ГIиргIазойчу боьду некъ маьрша бу аьлла, цундела кху беттан 18-чохь автобусахь новкъа велира иза. Карарчу хенахь къевлинчу дозанех чекхвала аьтто боцуш, галморзахехь виссина.

"Коронавирусан шолгIа тулгIе хир ю, юха а карантин хIоттор ю бохуш, хабарш дара лелаш. И къамелаш хезча, ГIиргIазойчу цIа дерза ойла хилира тхан. Тхо автобуса чу ховшучу заманчохь цхьаммо элира: "Тхо векалтехь хилла, дозанаш даьстина ду". Тхо царех тийшира. ЛадоьгIча, тхо Iехийна хилла-кх! Оренбургна гергахь севцца ду тхо. Тхуна хьалха а, тIаьхьа а Iаламат дукха мигранташ бу. Дукха нах бу тIеоьхуш а", - дуьйцу цо.

Казахстанца дозанашкахь йолчу территореш тIехь Оьрсийчоьнан массо а регионашкара цIа баха новкъабевлла, Эрмек саннарш, эзарнашкахь бу. Гезгамашин-беттан 18-чу дийнера схьа дуьйна схьаэха боьвлла уьш. Цхьаболчу мухIажирша цигахь лаьттачу хьолах шаьш яьккхина видео "Азаттык" Радион редакци яийтина. Шен цIе Акматов Адилет ю аьлла мигрант вистхуьлу оцу видео тIехь президенте Жээнбеков Сооронбайга шайна гIо доьхуш:

- Лараме президент, кхузахь халонаш Iуьйшу пхорачу зударша а, бераша а. Ахча а чекхдаьлла. Нах де-дийне цомгаш хуьлуш бу. Дика хир дара, тхуна орцах а девлла, кхузара тхо цIа дигича. Кеманца дахка хьоьвсира тхо, амма билеташ деза ду. Цундела автобусахь новкъа девллера тхо.

Шен дозанаш ца диллина хIинца а Казахстано коронавирусан пандеми бахьана долуш. Кху беттан 21-чохь Оьрсийчуьрчу ГIиргIазойчоьнан векалто хаамбира, гергарчу деношкахь "баьццара коридор" а йиллина, гIиргIазойн мигранташ Казахстанехула цIа бига хьийза, дозанехь лаьттачу бахархошца дийцарш дIахьо консуло аьлла.

Хаам барехь, Оренбурган а, Башкортостанан а Iедалхошца дийцарш ду дIахьош, дозанехь биссинчу гIиргIазошна гIо дан некъаш лоьхуш. Оьрсийчоьно мигранташ дIатарбина берийн садоIийлийн гонахчу юкъарчу хIусамашкахь а, четаршкахь а. Иштта, яздо, царна маьхза юург а ю латтош, иштта автобусашкахь уьш дIабигарх дуьйцуш ду аьлла.

Казахстанан дозанаш къевлина ду, кхечу пачхьалкхийн бахархой цара чу буьтуш бац бохуш, билгалдоккху векалто. Цара дехар до, Оьрсийчохь болчу ГIиргIазойчоьнан бахархошка, оьрсин-казахийн дозане ма гIертахьара шу, нагахь санна, цаторийла елахь, кеманца даймахка дагIахьара шу бохуш.

Оьрсийчуьрчу ГIиргIазойчоьнан посол волчу Джекшенкулов Аликбека хаамбина "Азаттыке", Казахстанан а, Оьрсийчоьнан а Iедалхоша дийцарш долийна, дозанехь биссина ГIиргIазойчоьнан бахархой чекхбовлийтарх, тIейогIучу хенахь, хаттаран йист ер йолуш ю аьлла.

"Оьрсийчоьнан Iедалхоша мах ца боккхуш оьрсийн-казахийн дозане кхаччалц дIабуьгу нах. Кхин дIа гIиргIазоша шайгара мах а луш, шаьш дийца деза шайн гIуллакх. Еарин дийнахь оцу гIуллакхах цхьа йист ер ю аьлла, хета суна", - боху Джекшенкуловс.

Цо иштта, билгалдаьккхина, пандеми йолаелчхьана Оьрсийчоьно а, Казахстано а цкъа бен бакъо елла цахилар, шайн дозанаш даста, кхайкхамбина мухIажиршка автотранспортца новкъа ма довла аьлла. Дуккха а хIилланчаш бу боху цо, ГIиргIазойчу дIадуьгур ду а олий, мах боккхуш. Официалан информацех бен теша мегар дац аьлла цо.

Векалто хаамбарца, церан гIоьнца Оьрсийчуьра 203 чартеран рейсаца а, 139 автобусашкахь а даймахка берзийна Оьрсийчуьра 40 968 гIиргIазо. Оцу юкъанна, Оренбурган а, Самаран а кIошташкара а, Башкортостанера а ялхозза ГIиргIазойчоьнан бахархой дIахьовсийна.

ГIиргIазойчу кеманаш лелар дIадолош ду Гезгамашин-беттан 21-чохь дуьйна аьлла, дIахьедира Оьрсийчоьно. Омрана куьйг яздинера пачхьалкхан премьер-министро Мишустин Михаила.

Кхул хьалха шина пачхьалкхана юкъахь дIасалелаш чартеран кеманаш бен дацара. Амма, кеманан мах беза хиларна а, цхьацца документаш цу тIехь эшарна а бахархой автобусашкахь цIа кхача гIертара. Амма Казахстано чу ца дитарна, тишачу хьолехь биссина уьш.

ГIиргIазойчоьнан арахьарчу министралло хаамбо, Оьрсийчуьра автобусашкахь юхабогIучу къинхьегаман мухIажирийн, Казахстанан пурбанца бен бакъо яц казахийн-оьрсийн доза хадон.

Казахстано хIинца а делла жоп дац, шайн доза делларх лаьцна. Карантинан дозанаш тахана а дастанза ду, цундела ма гулло оьрсийн-казахийн дозанехь, гIад дайна хьал делахь, кеманахь цIа дуьйла шу бохуш, мигранташка кхайкхамбо арахьарчу гIуллакхийн министралло.

Арахьарчу гIуллакхийн экс-министро Бешимов Аскара критика йина Iедалхошна:

- Европан пачхьалкхашкахь Iама мегар дара вай, карантин йоьдучу юкъанна оцу кепара хеттарш цара муха луьсту а хьожуш. Церан барт хилира, къевлина лаьттачу дозанашкахь нахана дIасабаха маршо хуьлуйтуш. Евроберто болх беш хиларан жамIаш ду уьш. Евроазин экономикан юкъаралла ю вайн (ЕАЭС). Цуьнан гурашкахь листа дезаш дара пандеми лаьттачу юкъанна лелон дезачу юкъарлонех а. Адам цхьана меттиге а гулдина, проблема ян езаш ца хиллера цунах. Системехь болх бан безаш бара цара. ЦIе йойучу урхалло санна болх бо Iедалхоша.

Карарчу шеран Дечкен-баттера Мангал-батте кхаччалц Оьрсийчуьрчу арахаьрчу гIуллакхийн министралло шен миграцин чоьте эцна 380 эзар гIиргIазо. Даим а Оьрсийчохь болх бечу мигрантийн терахь ду 700 ззар стаг. Нагахь санна, цаьрца цхьана долу бераш а, дай-наной а лерича, миллионе гIурту терахь.

P.S. Материал зорбане яккха кийча йолчу хенахь ГIиргIазойчоьнан арахьарчу министралло хаамбира, Казахстано пурба делла рогIера коридр схьаелла нах дехьабовлийта аьлла.

"ГIиргIазойн дукха бахархой цигахь гулбелла хиларца, кху беттан 24--25 чохь а дийнахь шозза таро хир ю нехан даймахка берза", - аьлла, билгалдаьккхина министралло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG