Оьрсийчоьнан уьнна дуьхьалоечу Оперативан штабан тIаьххьарчу хаамца, дийнахь буса коронавирусах Къилбаседа Кавказехь кхелхина 17 пациент, цомгуш хилла кхин а 607 вахархо.
ВорхI стаг велла Дагестанехь, ялх – Краснодар-махкахь, кхоъ – Ставропол-махкахь, цхьаъ – ГIебарта-Балкхаройчохь.
Пандемин муьрехь верриг а велларг ву регионехь, официалан статистикаца, 1544 вахархо.
Дийнахь-буса а, 8 бутт сов хена чохь а коронавирусах Къилбаседа Кавказехь цомгуш хилла:
- Ставропол-мохк +142 (15057)
- Краснодар-мохк + 95 (13408)
- Дагестан +82 (12933)
- ГIалмакхойчоь + 67 (6021)
- Кхарачой-Чергазийчоь + 67 (6613)
- ГIалгIайчоь + 52 (5380)
- ГIебарта-Балкхаройчоь +40 (7400)
- Къилбаседа ХIирийчоь +34 (5609)
- Адыгей +24 (3897)
- Нохчийчоь + 4 (2397)
Таханенна Къилбаседа Кавказехь COVID-19 цамгар хьакхаелла лору официалехь 78 857 стагах. Ткъа ерриг а Оьрсийчохь и терахь кхаьчна 1 миллион 130 эзарне.