ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицина тIелатарна бахархой лецна Кхарачой-Чергазийчохь


Кхарачой-Чергазийчуьрчу Зеленчукская станицехь полицина тIелатарна бахархой лецна, хаам бо республикерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин пресс-векалто.

Инцидент иккхина шинарин сарахь. Оперативан информаци талла юьрта бахана хилла полисхой. Амма шайга хеттарш дечу юкъанна бахархой летта «хьешех». Цхьа полисхо лазийна, дарбан хIусаме виллина.

Лецначаралахь бу дов долийнарг а, цуьнца цхьаьна полисхойх леттарш а. Уьш массо а полицин муниципалан декъе бигина, боху хьостано.

  • Къилбаседа ХIирийчохь Чиллан-баттахь пурстоьпах латарна кхеле озийна меттигера бакъоларъярхо Плиева Светлана. Хиллачу дарех хIинццалц дарба лелош иза елахь а, цунна тIебиллина бехк. Ша кхелан цIенна чу ца йитарна летта иза пурстоьпах, боху талламо.
  • ГIебарта-Балкхаройчохь полисхошна гIелоярна жоьпе ийзийна адвокаташ Ципинова Диана а, Жилоков Ратмир а. Полицин декъа тIехь цара цу чуьрчу полисхошна кхо бутт хьалха йиттина аьлла бу тIебаьхьина бехк.

XS
SM
MD
LG