ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЗаьIапхо ю ша бохуш, сагIадоьхуш леллачу зудчунна 4 шо хан тоьхна Нохчийчохь


Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело набахтехь такха диъ шо кхайкхийна хIилланца шена дахаран аьттонаш бойтуш лелларна Исакова Лизанна.

Оццул хан кхайкхийна кхело цуьнан кIантана а, яздо "Чечня сегодня" портало.

Исаковас дуккха а яздина хилла мехкан куьйгалхошка, ша бIаьрзе, лелалуш а яц, шена гIодахьара бохуш. Маситтазза бина а хилла цунна аьттонаш. Амма хIусамах къайлах видеокамера а йоьллина, иза зийначу Iедалхошна гучудаьлла Айзан могуш-марша хилар.

Исакова Лизанца цхьаьна бозбуанчаллаш лелорна бехкевина кхело цуьнан воI а.

2017-чу шеран Зазадоккху-баттахь йийца яьккхира Исакова Лизан а, цуьнан гIайгIанаш а. Нохчийчоьнан парламентан спикер Даудов Мохьмад вара зуда йовзийтинарг. "Нийсо меттахIоттайойтуш", омра дира цо иза шена тIееъча. ЗаьIапаллин кхоалгIа тIегIа шолгIачунна тIе охьаяккха а еза, хIусам яла а еза, аьлла дара хIетахьлера къамел.

Амма Исакова Iораяьккхича, гайтира "Грозный" телекомпанино. Бакъду, догIуш доцу заьIапхочун кехат даларна бехкебийраш бацара махкара хьаькамаш – Исаковас гIодехна хилла "Мемориал" центр йора бехке.

XS
SM
MD
LG