Коронавирус юха а яржа йолаяларо Москвара Iедал декхаредина 65 шо сов хан йолчу а, цамгаршца болчу а наханна карантин меттахIотто. Оцу хьокъехь къамел дина Москван мэра Собянин Сергейс.
Кху беттан 28-чу дийнахь дуьйна хьахийначу категорешна цIахь совцар я гIалина гергахь йолчу шайн бошмашкахь хан яккхар хьоьху мэра. КIезиг туьканашка а, аптекашка а, бевза-безачаьргахула а лела декхаре бу уьш, Собиняна бахарехь.
65 шарал лакхара хенаш йолчу наханна болх юьстахара бар я мукъаденош эцар а хьоьху мэра. Иштачу нахана интерактивехь болх бан аьтто бар дехна совдегаршка а, хьукматийн куьйгалхошка а Москван мэрино.
Собянина дагадоуьйту коронавирус цкъачунна эшийн яцар а, бахархоша масканаш, каранаш дIатосийла дацар а, дистанци ларъян езар а.
- Еарин дийнахь Москвахь I000 сов стаг цомгуш хилла уьнах. Коронавирусца дарбан хIусаме кхочучу нехан терахьаш совдевлла 30 процентана.
-
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?