ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путинан хьал-бахам талла дагахь бу Цхьаьнатоьхначу Штатийн сенатораш, бахьана - Навальный


Американ сенаторша – шина а партийн векалша, республиканхоша а, демократаша а – низаман проект хIоттийна Оьрсийчуьрчу оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш делла хила тарлучу Iедалерчу наханна дуьхьал санкцеш кечъеш.

Низаман проекто президентан Трампан администраци декхарейо Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, цуьнан доьзалан а финансийн хьолах а, активех а йолу информаци йовзийта. Навальныйна дIовш далар талла деза Американ Штатийн химин а, биологин а герзашна тIехь терголатторах долчу низамца а догIуш, и герзаш лелорна пачхьалкхашна дан догIу таIзар юкъа а доккхуш, боху сенаторийн дIахьедарша.

  • Политиканна дIовш луш дакъалаьцначарна дехка деза Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка баха-бахка, къовла еза дозанал арахьарчу банкашкара церан активаш, боху сенаторша. Цкъачунна йохуш яц буьйцучу нехан цIерш.
  • Навальныйна "Новичок" дIовш делла хилар гучудаьккхира Германерчу а, Францерчу а, Швецерчу а лаборатореша. ДIовш цунна муха делла хууш дац хIинца а. Германерчу Der Spiegel–о бахарехь, Навальный Iийначу Томскерчу отель чуьрчу хин шишанна тIехь а карийна дIаьвшан лар.
  • Навальный Алексей дIаьвшан симптомашца Омскерчу дарбан цIийне кхачийра байначу беттан 20-чу дийнахь. Томскера Москва доьдучу кеман тIехь тиларчуьра ваьллера иза. Ши де даьлча вигира Берлинерчу "Шарите". Клинике. Шина кIиранах Iийра кхетамчуьра ваьлла.
  • Навальный дарбан хIусаме вуьллушехь дийхира цуьнан накъосташа Iедале иза вен гIортар талла долор. Оьрсийчоьне талламбар дийхира Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Европан Берто а. Амма Оьрсийчоьнан Iедална оьшуш ца хета бехктакхаман гIуллакх схьаделла. Иза шек ду Навальныйна дIовш делла бохучух – Оьрсийчуьрчу лабортаторешна ца карийна цуьнца дIовш.

XS
SM
MD
LG