ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьалха электрошокер, тIаккха хеттарш? Нохчийчохь, ле а беш, гучубоху экстремисташ


Нохчийчуьрчу хьехархойн университетан белхахоша хеттарш вовшахтоьхна, цара чIагIдарехь, оцу стеган экстремизмна тIера хилар гучудоккхур ду цара, яздо Кавказ.Реалиино. Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн этнокультурин специфика ю цу хаттамехь лоруш ерг, боху авторша.

Бакъоларъярхоша а, психологаша а шеконашца тIеоьцу и хаам: бехкзуламан гIуллакхаш кегийрхошна дуьхьал даха тарло оцу гIирсаца аьлла, шеконаш ю церан.

"ГIаттамхойн тобанашкахь хиллачу а, иштта, кхечу экстремистийн артиклашкахь бехкебечу нахана тIехь тесташ дIахьур ю оцу хеттаршца. Цунах пайдаоьцу республикерчу диспансерехь психологин, психиатрин экспертизаш еш а, профилактикан барамашкахь а", - аьлла, дIахьедина Кавказ.Реалиига пачхьалкхан хьехархойн университетан пресс-гIуллакххойн куьйгалхочо Джабраилов Идриса.

Iилманчийн талламийн эвсаралла алсамяккхархьама, "цхьа шатайпа къастийна кеп ю", бохуш, билгалдоккху пресс-секретаро: "Психологин а, социалан а лаамаша стагана тIеIаткъам муха бо къасто хьийза уьш. Хетарехь, оцу хIуманийн вовшашца зIе хилар лоьху Iилманан некъашца".

Муьлха хеттарш ду билгалдаьхнарш аьлла, хаьттича Джабраиловс хьийхира, цунах дерг уьш хIиттийначаьрга дийцийта аьлла. Цо бахарехь, медицинан Iилманийн доктора Идрисов Кюрис а, цуьнан белхан накъосто Хазуев Ислама а вовшахдиттина хеттарш ду цу юкъахь. Кавказ.Реалиино телефон еттарх жоп ца делира цушиннах цхьаммо а.

Нохчийн полисхойн хеттаршкахула чекхъяьлла Нохчийчуьра яхархо Залина (цуьнан цIе хийцина- ред.билгалдаккхар). Шега дуккха а хеттарш дира боху цо, амма билггал ала ца хIутту ша, Iилманчаша хьехархойн университетехь вовшахдиттинарш дара уьш я дацара.

"Iаьржа хIуманаш стенна лелайо ас, "Исламан пачхьалкх" олучу тобанхойх доглозий, церан лидерийн цIераш евзий бохуш, Iарбойн цIераш йохура цара, - дагалоьцу Залинас. - Нагахь санна, ас харцдерг дийцахь, шаьш бехктакхаман гIуллакх дуьхьал доккхур ду бохура. Иштта бала кхаьчнера сан цIийндех а. Иза стенгахь ву, террорхо ву иза бохура. Ас ма-дарра элира, ши шо хьалха Туркойчу дIавахана иза, цигахь шолгIа зуда а ялийна, Iаш ву аьлла. Цигахь ву иза, лаха аш аьлла".

"Тешамебоцучийн" тептар

ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан университетан психологин кафедран доценто, педагогикан Iилманийн кандидато Дзейтова Марета дийцарехь, экстремистийн хьежамаш гучубохуш леррина методаш психологехь лелош яц.

"Нийса хIоттийна доцучу оцу хеттарийн тептарна тIе, ма-дарра аьлча, хIост тоьхна говзалла йоцучу психологаша а, хьехархоша а. Масала, экстремизме хьежамаш ца хила тарло оцу беран, хила мега иза агрессица, доьзалехь лаьттачу проблемашна, я гормонашца хийцамаш хиларна,- боху эксперто. - Делахь а, кхераме хетачийн тептаре воккху иза, цул тIаьхьа полици а, экстремизмна дуьхьало латточу Центре а дIало. ТIаьхьо, оцу нехан цIераш карайо вайна бакъо йоцуш лецначарлахь а, герз тесначарлахь а, кхеле хIиттийначарлахь а".

Адаман ойланех, цуьнан амалех кхетам бала тарлун цхьацца методикаш хуьлу Малхбузен литературехь юьйцуш, амма чIагIдойла яц, цара дерриг а нийса дуьйцу аьлла. Делахь а, и кепаш Кавказехь юкъаяхар Iаламат кхераме хила тарло аьлла, билгалдоккху къамел динчо.

"Суна а лиинера оцу тайпа гIирс кхолла, амма сан коллегас аьллачо юхаозийра со. Диагностикан жамIашца нах "Iаьржачу" тептаре бохур бу элира цо. Шийлачу хих дуьзна шелиг тIеIанийча санна дара суна цуьнан дешнаш, тIаккха сацам бира ас, оцу тIехь гIо дийр дац айса аьлла. Европерчу мехкашкахь оцу кепара методикаш пайден хир яра, хIунда аьлча, цигарчу полисхоша нахана тIехь шайн карьера ца йо. Ткъа вайчара йо", - боху Дзейтовас.

Иштта Дзейтовас дуьйцу: "Тахана лакхара доьшийлаш декхарейо, жамIаш хилийта, дацахь ахча хир дац шуна бохуш. Къилбаседа Кавказан регионашкахь къаьсттина чIогIа ду вовшашца къовсадалар, стенна тIехь хилла а, хьалхара хила лууш хуьлу уьш. Ткъа Нохчийчохь-м къаьсттина чIогIа леладо и, кеп-кепарчу сферашкахь гайта а гойтуш. Делахь а, Нохчийчуьра Iилманчаш дуьххьара бац, хеттарийн тептар вовшахтоьхнарш".

Ларма , полиграф а

Бакъоларъяран "Мемориал" Центран кхеташонан куьйгалхочунна Орлов Олегна хетарехь, анкеташца Iорабаьхначу экстремисташна тIехь кхел йоцу таIзарш дийр ду, бехкзуламан гIуллакхаш доьллур ду.

"Оцу нахера нийса жоьпаш муха даха бахка уьш?, - ца кхета эксперт. - Нах ларми чу а боьхкина, цхьаболчу хьаькамашна ма-деззара, электрошокер а етташ, полиграфна а тIе а туьйсуш, цул тIаьхьа хеттарш дан бохку хир бу-кх уьш", - боху Орловс.

Нохчийчуьрчу муьлххачу а вахархочо, ша жоп далале хьалха, кхоазза ойла йийр ю, хьаькамашна товр а долуш, шена зене а дера доцу жоп муха лур дара-те аьлла, билгалдоккху бакъоларъярхочо.

"ХIа, жамIаш ди цара. Кхин дIа хIун дийр ду царах, пачхьалкхан органашка дIакхачор ду? Репрессеш лелор ю? Пачхьалкхан даржашка оьцур бац? Низамашца лелош хIуманаш дац уьш, - боху къамел дечо. - Низам а, Кадыровн Нохчийчоь а - цхьаьна ца догIу хIума ду. Нагахь санна, Iилма лакхадоккхуш, текстехь Iилманан терминаш а лелош, болх беш белахь, Дала хьоьхийла, дIа байта. Оцу кепара белхаш Iаламат дукха бу. Коньюнктурано таро ло цуьнан авторшна ахча далийта а, Iилманехь лакхабаха а, иштта кхин дIа а".

Оцу хеттарех хIоттийначу тептарх аьлча, цхьа хаттар дуьсу, цара динчу жамIех хьан, муха пайдаоьцур болуш бу, дерзадо къамел Орловс.

Комментареш

New Comments Available

Кадыров Рамзана Къоман агенталла кхоьллина, махкал а арахьа бехачу нохчашна гIоьнна. Оьший-те Европехь бехачарна Нохчийчуьра гIо?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG