ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Тутмакхийн эла", набахтешкахь Iийначийн юкъара ахча лардеш хилла Гальский Каха велла изоляторехь


Оьрсийчуьрчу тутмакхийн юкъара ахча («общак») Iалашдеш хилла 45 шо долу Парпалия Кахабер – криминалан гонашкахь цунах олура Гальский Каха – велла карийна Омск-махкарчу набахтешна тIехьожучу урхалло доладечу изоляторехь.

"Хьукматан лоьраша а, сихха орца кхачочу медикийн тобано а реанимацин барамаш дIабаьхьина. Амма жамI ца делла, тутмакх биологин бахьанца кхалхар тIечIагIдина. Еъначу талламан оперативан тобанна ца карийна иза ницкъаша вийна хилар гойту тоьшалла. Цкъачунна хууш долу бахьана: пехашна тIебоьду цIийн пха цIеххьана хадарца валар. Таллам бу дIахьош", – дIахьедина Омскерчу набахтешна тIехьожучу урхалло.

Ткъа тутмакхийн дахар тергалдечу "Прайм Крайм" портало яздарехь, Парпалия шинарин дийнахь кхаьчна Омке шен набахтехь такха йисина хан чекхъяккха, чIоггIа йиттина хилла цунна кху деношкахь.

Портало дийцарехь, "Омскерчу набахтех «цIен зона» олу тутмакхаша, цигахь ларам ца бо тутмакхийн ламастийн. Набахтехь хан такхаза волчу "тутмакхийн элина" Омске кхачар, вен кхачор санна ду", – боху портало.

  • 2018 шо доьрзуш лецира Гальский Каха. Наркотикаш лелор а, дIасакхехьар а бехкедира цунна. 4 шарна набахте хьажийра криминальный авторитет.
  • "Прайм Крайман" информацица, Парпалия "тутмакхйин дарже" кхечира 1999 шарахь. Набахтехь хилаза вара тIаьххьара шераш тIекхаччалц.

Хьажа комменташка

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG