ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицехь стаг хьийзорна кхеле озийначу майора талламча бехкево шега доцург дийцийтарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

БуьрийтIера вахархо Цкаев Владимир йиттина вер толлучу кхело левина полицин бехктакхаман декъан куьйгалхо лаьттина майор Ситохов Сослан. Ша стаганна еттарх лаьцна дина дареш шегара тIеIаткъам беш даьхна, аьлла цо.

"Сох йозу массо а материалаш шеггара кхоьллина талламчас Хугаевс. Цо жопаллина бухара баьхна куьйгалхой: Габиев, Хабиев, Елоев, ткъа церан бехк суна тIехьарчийна. Сан могашалла вон яра соьга тIеIаткъамца дареш дойтучу хенахь", - леткъина кхелехь Ситохов пIераскана.

Ткъа девнан кхечу декъашхоша динчу дареша бахарехь, ша Ситохов ву, Цкаевс ша-шен вийна, цо шен корта лаьттах а, йийбарх а беттара, аьлла яздинарг. Тешаша дийцарехь, Ситоховс скотчаца куьйгаш а дихкина, йиттина Цкаевна, ткъа полицин кхечу белхахошна ца магийна леш лаьттачунна тIе лоьраш кхайкха. Иштта велла, церан дарешца, Цкаев.

Ситоховс бехке ца лору ша, кхелехь къамелдар сацийна хилларг дIаяздеш полицин чоьнаш чохь лаьттинчу видеокамераш чуьра тоьшаллаш гIуллакхна юкъадаллолц.

  • 2015-чу шеран Гезгмашин-беттан 31-чохь Иристонерчу кIоштан полицин декъе кхайчийна Цкаев Владимир. ШолгIачу дийнахь, дегIа тIехь дуккха а чевнаш а йолуш, моргехь карийна цуьнан дакъа гергарчарна. Кхо шо даьлча бен аьтто ца баьлла Цкаевн зудчун шен майра вер талламе даккхийта.

XS
SM
MD
LG