ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра схьаваьлла стаг вийна Францин малхбузерчу декъехь


Францин коьртачу шахьарна Парижна 96 километр юьстах йолчу Эврё гIалахь иккхинчу девнехь вийна Нохчийчуьра схьаваьлла вахархо.

Дов иккхина селхана сарахь нохчашний, Африкера бух болчу наханий юкъахь меттигерчу Xpress барехь. Леташ хиллачех цхьамма тапча тоьхна довхочунна, яздо actu.fr. ресурсо.

Девнан бахьана хууш дац цкъачунна. ГIалара хьал тергоне эцна полицино а, прокуратуро а, толлуш ду зулам.

  • Карарчу шеран аьхка Францерчу Дижон гIалахь масех дийнахь лаьттира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачу наханна юкъахь девнаш. Бахьана деллера Дижонехь 16 шо долчу нохчийн жимчу стаганна тIелатаро.
  • Дижонехь иккхинчу девнаца доьзна бехк тIебаьхьна шина нохчочунна.
  • Францехь бехачу нохчаша кхеле аьрзнаш чуделла, шаьш Ницца гIалин мэро меттигерчу наркобизнесца дузуш къамел дарна. Оцу бахьаница тIаьхьо полице кхайкхийра мэр.

XS
SM
MD
LG