ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Харьковна гергахь чудоьжначу кеманчохь велла 25 стаг


ТIеман-транспортан Ан-26Ш кема чудоьжна Харьковна гергарчу Чугуев гIалина уллехь сийсара. Велла чуьра 25 стаг – Украинан хIаваан ницкъийн университетан курсанташ а, кемалелорхой а. Дийна висина ши стаг.

Чугуев гIаларчу аэродромна 2 километр юьстах чудеана кема. Иза лаьттах кхетале экипажан куьйгалхочо бина хаам бу: сецна аьрру агIор болу мотор. Иштта информаци елла журналисташна Харьков-мехкан администрацин куьйгалхочо Кучер Алексейс.

1977 шарахь арахецна а, тIаьххьара ремонт 1996 шарахь йина а хилла чудоьжначу кеманна, боху Стратегийн, технологийн зерийн центро шен блогехь.

Украинан Кхерамзаллин урхалло бечу хаамца, кема чудужучу муьрехь иза лелош хилла цуьнан экипажо, тIеман дешархой кема лело Iамо Iалашо хилла цунна хьалха.

Дийна висина ши курсант халачу хьолехь дарбан хIусамехь ву.

Бохам хиллачу метте кхача лерина ву Украинан президент Зеленский Владимир, боху хьостанаша.

XS
SM
MD
LG