ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначух бекхам бан цагIертар, полицина хьал листа аьтто бар доьху Францерчу вайнахе


ПIераскана Францерчу Эврё гIалахь иккхинчу девнехь Африкера схьаваьллачу вахархочо тапча тоьхна вийнарг ГIалгIайчуьра схьаваьлла 23 шо долу Евлоев Хьамзат хилар билгалдоккху махкарчу вайнехан диаспоро.

Евлоевгахьа гIодаьккхинчу туркойн кIантана куьйгах герз кхетта, боху диаспоро шен пресс-релизехь.

Бохам хилчхьана схьа веллачу гергаьрчаьрца юкъарлонехь ю нохчийн а, гIалгIайн а юкъарлонаш. Церан лидерша дехна меттигерчу вайнехан кегийрхошка шайггара бекхамбан цагIертар, хилларг луьстучу полицина новкъарло цаяр, конфликт шор ца яр.

Евлоев Хьамзат вийна меттигерчу Xpress барехь, яздо actu.fr. ресурсо.

  • Карарчу шеран аьхка Францерчу Дижон гIалахь масех дийнахь лаьттира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Африкера а схьабевллачу наханна юкъахь девнаш. Бахьана деллера Дижонехь I6 шо долчу нохчийн жимчу стаганна тIелатаро.
  • Дижонехь иккхинчу девнаца доьзна бехк тIебаьхьна шина нохчочунна.
  • Францехь бехачу нохчаша кхеле аьрзнаш чуделла, шаьш Ницца гIалин мэро меттигерчу наркобизнесца дузуш къамел дарна. Оцу бахьаница тIаьхьо полице кхайкхийра мэр.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG