ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь экстремисташ лоьху, Шемахь – нохчийн бераш, Францехь – гIалгIа вийнарг


КIиранан хиламаш

Оршот

Чимаев- UFC-толам. Лас-Вегасерчу Fight Night 178 турнирехь Америкера латархо Миршерт Джеральд эшийначу Швецерчу нохчийн латархочо Чимаев Хьамзата ша чIогIа цецвьккхина, элира UFC-юкъараллин куьйгалхочо Уайт Данас.

"Цкъа тоьхна. 17 секундехь. И кIант ша-башха ву ", - яздина Уайта твиттерехь.

Шоьтан сарахь латар доладеллачу 17 секундехь накаутца шена дуьхьаллаьтта Миршерт Дональд а эшош, UFC-н толам баьккхира 26 шо долчу Чимаев Хьамзата. Кхузза летта иза UFC-хь, тоьлла кхуззе а.

Шинара

Экстремисташ лоьцу «гур». Кегийрхошлахь лела экстремизм Iорайоккху тест кечйина шаьаш, дIахьедира Нохчийчоьнан пачхьалкхан педагогикан унивеситетан векалша. Хеттарш кечдинчу говзанчаша тергоне эцна Кавказан къаьмнийн синкхетаман башхалла.

Бинчу хаамца, тестан башхалла зуьйш кечъеш динчу зерийн жамI кестта довзуьйтур ду дуьненаюкъарчу Iилман-практикан конференцешкахь а, Оьрсийчуьрчу Iилманчийн прессехь а.

«Ломаев Оьрсийчоьнна дуьхьал». Финляндехь веха нохчийн мухIажир, Оьрсийчуьрчу а, Нохчийчуьрчу а Iедалан критик Ломаев Муса тоьлла цунна Оьрсийчоьно гIелояр толлучу

Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхелан девнехь. 2004-чу шарахь цунна Соьлжа-ГIаларчу полицино йинчу гIелонна жоп луш, Оьрсийчоьно компенсаци йийр ю 50 500 еврона.

"ХудаловгIар Оьрсийчоьнна дуьхьал". Оццу кхелехь дов дирзина Нохчийчуьра Худалов Муслим а, цуьнан нана Худалова Табарак а толарца. ТIехь Iазап латторна бехке йина Оьрсийчоь, цо Муслимна охьадуьллур ду компенсаци еш 67 эзар евро, ткъа цуьнан нанна – 2 эзар евро. Европан кхело Оьрсийчоьне хаийтина таллам кхоччуш бина боцийла а, Худалов харцонца набахте кхачийна хилар а.

Кхаара

7 бер Шемара Нохчийчу. Нохчийчуьра бух болу 7 бер Шемара Оьрсийчу кхача тарло кестта. Берийн омбудсменан Кузнецова Аннин дешнашна тIе а тевжаш, хаам баржийначу Нохчийчуьрчу омбудсменан аппаратерчу векалша дийцарехь, пхи бер ду ДормидонтовгIарех (Макка, Iайша, Хадижа, Мансур, Iумар), АбкаровгIеран доьзалера – шиъ (ПетIамат, Маьхьди).

Кадыровг1еран карахь ю Нохчийчоь. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен йишин кIант, мехкан некъан инспекцин коьрта буьйранча Черхигов Идрис хIоттийна Гуьмсан а, Шелковскан а кIошташна тIехьажархо. Оцу даржехь вара хIинццалц Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан. Кадыров Рамзана хьалхо секторшка йийкъира республика, царна коьрте шен гонера хьаькамаш а хьовсош.

Ткъа карара бутт болалучу дийнахь синбахамаллин министран хьалхарчу гIовсан дарж делла Кадыровн йоIе – Кадырова Iайшате. Нохчийчохь Iедалан даржашкахь волчу I58 стагах 30 процент Кадыровн гергарнаш бу, 23 % - цуьнан юьртахой, I2 процент доттагIий а, церан гергара нах а.

Еара

Исакова Лизанан «челакхалла». Соьлжа-ГIаларчу Старопромыслан кIоштан кхело набахтехь такха диъ шо кхайкхийна хIилланца шена дахаран аьттонаш бойтуш лелларна Исакова Лизанна. Оццул хан кхайкхийна кхело цуьнан кIантана а, яздира "Чечня сегодня" портало. Исаковас дуккха а яздина хилла мехкан куьйгалхошка, ша бIаьрзе, лелалуш а яц, шена гIодахьара бохуш. Маситтазза бина а хилла цунна аьттонаш.

Амма хIусамах къайлах видеокамера а йоьллина, иза зийначу Iедалхошна гучудаьлла Айзан могуш-марша хилар. Исакова Лизанца цхьаьна бозбуанчаллаш лелорна бехкевина кхело цуьнан воI а.

ПIераска

Путинан ахча дагар а деш… Американ сенаторша – шина а партийн векалша, республиканхоша а, демократаша а – низаман проект хIоттийна Оьрсийчуьрчу оппозиционерна Навальный Алексейна дIовш делла хила тарлучу Iедалерчу наханна дуьхьал санкцеш кечъеш. Низаман проекто президентан Трампан администраци декхарейо Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран а, цуьнан доьзалан а финансийн хьолах а, активех а йолу информаци йовзийта.

Навальныйна дIовш далар талла деза Американ Штатийн химин а, биологин а герзашна тIехь терголатторах долчу низамца а

догIуш, и герзаш лелорна пачхьалкхашна дан догIу таIзар юкъа а доккхуш, боху сенаторийн дIахьедарша.

ГIалгIа вийна Францерчу Эврё гIалахь. Иккхинчу девнехь Африкера схьаваьллачу вахархочо тапча тоьхна вийна ГIалгIайчуьра схьаваьлла 23 шо долу Евлоев Хьамзат. Нохчийн а, гIалгIайн а лидерша дехна меттигерчу вайнехан кегийрхошка шайггара бекхамбан цагIертар, хилларг луьстучу полицина новкъарло цаяр, конфликт шор ца яр.

Шотт

Есташ ю уьнан статистика. Оьрсийчохь дийнахь-буса COVID-I9 ун кхеттарца билгалвелира 7500 сов стаг. Оцу дийнахь дуьйна цомгуш хуьлучийн барам 7 эзарнал сов лаьтта. Десташ ду коронавирусах дараш ерриг а пачхьалкхехь.

Курсанташ белла Украинехь.

ТIеман-транспортан Ан-26Ш кема чудуьйжира Харьковна гергарчу Чугуев гIалина уллехь шоьтан буса. Велла чуьра 25 стаг – Украинан хIаваан ницкъийн университетан курсанташ а, кемалелорхой а. Дийна висина ши стаг.

КIиранде

Карабах тIеман кIуьралахь ю юха а. ТIеман хьал марсадаьлла Эрмалойчоьнан-Азербайджанан Карабахерчу дозанехь. Эскаре резерв озош ю ший а пачхьалкх. Эрмалойчоьно бахарехь, тIом болийнарш азербайджанхой бу.

Шен эскахоша Азербайджанан ши беракема а, чохь пилоташ боцу кхо кема а чудаийтина, аьлла Эрмалойчоьно. ТIом болийнарш эрмалой бу, дIахьедина Азербайджанан куьйгаллло. Байъинарш а , лазийнарш а бу шайн, аьлла Бакурчу Iедало. Конфликт йижо гIерта дуьненаюкъара ницкъаш а, хьукматаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG