ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белорусино Оьрсийчоьне дIавеллачу Сайдумовх хилларг хууш дац цуьнан гергарчарна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Ши кIира хуьллуш лаьтта Веданан кIоштарчу Дишни-Веданара схьаваьллачу Сайдумов Сидикъах хилларг цуьнан гергарчарна хууш доцу аьлла, хаамбина Маршо Радиога цуьнан накъосташа.
Францехь бехачу шен доьзалх дIакхета воьдучу заманчохь транзитехь Белорусехь нисвелла Сайдумов меттигерчу Iедалхоша лаьцна, дIавелира Оьрсийчоьне. Белорусин Iедало иза лацаран бахьанаш хууш дац, доттагIаша бахарехь, ур-атталла, лехамашкахь а вацара иза. ТIаьххьарчу 7 шарахь Францехь вехаш хилла Сайдумов шен хIусамненаца а, кхаа бераца а.

Оппозицин IАДАТ телеграм-каналан информацица, кадыровхоша лаьцна латтош ву иза, цунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даккха а хьийза уьш.

Карладоккху, Товбеца-беттан 18-чу дийнахь полицино лаьцна 33 шо долу Соьлжа-ГIалара вахархо Умаров Мовсар. Гергарчара дийцарехь, оппозиционеран-блогеран Абдурахманов Тумсон видео хьажарна бехкевеш лаьцна иза. Амма тIаьхьо хаийтина полисхоша цуьнан цIерачарна, иза шайгахь вац, шайн карара а ваьлла, ведда, аьлла. Умаровн гергарчийн шеконаш ю, шайн стаг полисхоша вийна хир ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG