ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхелхина бакъоларъярхо, диссидент Орлов Юрий


Орлов Юрий

Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь велла бакъоларъярхо, диссидент Орлов Юрий. Цуьнан кхалхарх информаци Iораяьккхина бакъоларъярхочо Ковалев Сергейс.

Даймехкан Сийлахь тIеман декъашхо а вара Орлов. 1951-чу шарахь Москван пачхьалкхан университетан физикан, техникан факультет яьккхира цо. Цул тIаьхьа белхаш бира "СССР-н атоман проект" олучу къайлахчу лабараторехь. 1956-чу шарахь балхара дIаваьккхира иза, иштта дихкира цунна болхбан къайлахчу документашца. Коммунистийн партера а вохийра иза, цуьнан социал-демократин идейш бахьана долуш.

Советан заманахь Amnesty International тобан декъашхо а вара иза. 1976-чу шарахь ша кхоьллинчу Москван Хельсинкан тобан куьйгалхо хIоьттира иза. Бакъоларъярехь цо бен болх бахьана долуш КГБ-но шен тергонехь латтош вара иза. 1977-чу ушарахь набахьетахь даккха 7 шо кхайкхийра цунна, иштта махках ваьккхира 5 шарна антисоветан пропагандех артикл язъярна. Иза лаьцначул тIаьхьа малхбузерчу дуккхаъчу Iилманчаша дуьхьало йира шайн коллегашца юкъарлонаш лелон.

1986чу шарахь Советан пачхьалкхан вахархочун паспорт дIа а доккхуш, бертаза пачхаьлкхера араваьккхира иза, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа лаьцна хиллачу советан иччархочуьнца хийца а хуьйцуш. Оццу шарахь Корнеллан университетан профессор хилира Орловх. "Кхераме ойланаш" ("Опасные мысли") книгин автор а ву Орлов Юрий.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG