ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь ковидах велла тIаьххьарчу дийнахь-буса 11 стаг, ун даьлла ву 620 пациент


Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу дийнахь а, буса а коронавирусах велла 11 пациент, ун къаьстина 620 стагаца.

Эпидеми ца яржийта Iалашонца кхоьллинчу оперативан штабан зерашца, Дагестанехь велла ворхI дархо, Ставрополан махкахь кхоъ, Краснодаран махкахь цхьаъ велла.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь пандеми яьжичхьана COVID-19 вирусах кхелхина 1 600 стаг. ТIаьххьарчу 24 сахьтехь Iорадаьхначу терахьашца, къаьсттина дукха бу ун даьлла нах Ставрополан кIоштахь - 144:

Ставрополан махкахь +144 (15 781 ву эпидеми яьржичхьана)
Краснодаран кIоштахь + 96 (13 790)
Дагестанехь + 82 (13 264)
ГIалмакхойчохь + 68 (6 300)
Кхарачой-Чергазийчохь+ 72 (6 891)
ГIалгIайчохь + 45 (5 575)
ГIебарта-Балкхаройчохь + 42 (7 567)
Къилбаседа ХIирийчохь+35 (5 750)
Адыгейхь +30 (4 019)
Нохчийчохь + 6 (2 419)

Таханалерачу дийнахь Къилбаседа Кавказехь коронавирусан ун токхуш ву 8 356 стаг. Оперативан шатабан информацица, Оьрсийчохь ву 1 159 573 стаг COVID-19 вирусца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG