ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Карабахехь герзаш деттар юхадолийна аьлла Бакуно а, Еревана а


Азейрбайджано а, Эрмалойчоьно а дIахьедина, Карабахехь герзаш кхийсар марсадаккхарх. Конфликтан шина а агIоно хаамбо, еза артиллери а юкъаялийна аьлла. Эрмалойчоьнан тIеман министралло дIахьедина, буса сахиллалц тIемаш бира цигахь аьлла.

Азербайджанан тIемалоша Эрмалойчоь бехкейо Тертер гIалахь кхийсарш дарна, яздо Свобода Радионо.

Карабахехь юкъа а телхина хьал. Эскалацина бехкаш вовшашна тIетоьтту Еревано а, Бакуно а. Масех иттаннашкахь шина а агIор нах байина. Иштта яздора, маьршачу нахалахь а ду зенаш аьлла. Мобилизаци кхайкхийна шина а пачхьалкхехь. Азербайджанан парламенто Эрмалойчоьнна тIаьххье тIеман раж кхайкхийна шайн пачхьалкхан цхьана декъа тIехь.

Цхьаццайолчу гIаланашкахь, Бакухь а цхьана, комендантан сахьт юкъадаьккхина.

Советан заманара схьа дуьйна къовсам лаьтта шина пачхьалкхна юкъахь дозана тIехула. 1990-чу шеран юьххьехь дуьйна Азербайджано шен контролехь латтош ю, дукха хьолахь, эрмалой беха регион. ХIетахь хиллачу тIамехь вийра мел лахара а 30 эзар стаг, бIе эзар вахархо мухIажир велира.

Дуккхаъчу пачхьалкхаша, шайлахь Оьрсийчоь а, Америка а йолуш, кхайкхамбо, тIемаш совцабе бохуш. Изза дехар дина Бакуга а, Ереване а ООН-ан инарла секретаро Гутерриш Антониус а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG