ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соьлж-ГIалахь юха а бертаза футболе хьовса бахийтина бахархой


Екатеринбургерчу "Уралан" Соьлж-ГIаларчу "Ахмат" клубаца хиллачу матчехь дакъалаца декхаребина хилла дахначу кIиранан дийнахь Нохчийчуьра белхахой церан хьаькамаша. Бюджетан организацийн белхахошна хьалххе дIахаийтина хилла, футболан ловзаре хьовса баха безаш уьш хиларх,яздо "Кавказский узел" агенталло.

"Мукъаденош герга кхочуш схьахьедира тхоьга кIирандийнахь "Ахматан" матчехь хила деза шу аьлла. "Резабоцурш" бацара, хIунда аьлча, вогIур воцчуьнга балхара дIавала олу. Цундела масса а дIабоьлла шайна тIедожийначух. Стадиона хьалха суьранна 16:00 сахьт даьлча вовшахкхета дезаш дара тхо, хIунда аьлча, пхоьалгIачух ах даьлча матч йолалуш яра", - аьлла, дийцина агенталлана Мансур цIе йолчу гIалин вахархочо.

Стадиона керта воьдучахь бетах масканаш йохка езаш яра хьовсархоша, амма трибунаш тIехь дукхахболчара охьатеттина гуш яра масканаш аьлла, билгалдаьккхина къамел динчо.

Оршотан дийнахь бинчу хаамашца, пандеми йолаелчхьана Нохчийчохь коронавирус хьакхаелла ву 2 419 стаг.

Маршо Радионо дукхазза яздира шен агIонашкахь, "Ахматан" клубан ловзаршка хьажа Нохчийчуьра бюджетан белхахой декхаребарх. Иштта тIедожадо царна субботникашкахь а, митингашкахь а, кхинболчу барамашкахь а хила а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG