ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь юха а карантин кхайкхош ю бохург бакъ ца дина Даудовс


Нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад

Нохчийчоьнан парламентан спикеро Даудов Мохьмада бакъ ца йина, республикехь шолгIа а изоляцин раж кхайкхош ю бохуш, яьржина информаци.

"Жигараллица дIасакхоьхьуьйтуш аудио хаамаш бу, карабогIучу беттан 5-чохь дуьйна нахана юха а чуьра арадовлар доьхкуш ду бохуш. Ас дIахоуьйту шуьга, уьш шира хаамаш бу, Стигалкъекъа-баттахь махкахь цхьацца дозанаш деттарх лаьцна бина хилла. Оцу юкъара схьахадийна аудио ю, таханалерачу дийнахь бина хаам болуш санна, яржош", - аьлла Даудовс.

Парламентан куьйгалхочо иштта билгалдаьккхина, нагахь санна Оьрсийчоьнан Роспотребнадзоро тIедехкина дехкарш бахархоша кхочушдахь, махкара эпидемин хьал телхар дац аьлла.

"Доккхачу декъанна, лело еза масканаш, вовшашна юккъахь дистанци а ларъеш, нах гуллучу меттигех къехкаш, барамаш ларбан безар бу. Нагахь санна, и кепаш вай ларъяхь, цхьа а карантин хир яц", - аьлла, тIетоьхна Даудов Мохьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG