ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Миллион сов стаг ву дуьненчохь коронавирусан ун даьлла


Дуьненчохь коронавирусан уьнах велла миллион сов стаг. Оршоьтан дийнахь бина и хаам, пандемин статистикана тIехь терго латточу Американ ХIопкинс Джонан университето. Свобода Радионо яздарехь, къаьмнийн Iедалхоша кеп-кепара динчу зераш тIехь хIоттийна ю и статистика, цундела, хила тарлун терахьаш ду Iорадаьхнарш.

COVID-19 вирусах дуьххьара Дечкен-баттахь кхелхинарш бу Китайн бахархой. 2019-чу шеран чакхенехь гучуелира цигахь керла вирус. Европерчу мехкашлахь Чиллан-баттахь Францехь дуьххьара уьнах велира дархо. Зазадокху-беттан юьххьехь Италехь а, цул тIаьхьа Испанехь а, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, кхечу пачхьалкхашкахь а дукха баларш хилира. Охан-баттера схьа дуьйна коронавирусан инфекцех денна леш ву масех эзар стаг.

Къаьсттина алсам бу COVID-19 уьнах кхелхинарш Америкехь - 204 эзар сов пациент. Бразилехь велла 140 эазар сов вахархо. ХIиндойчохь 90 эазарал сов ву кхелхинарг, ткъа Британехь 42 эзар стаг.

Официалан зерашца, Оьрсийчохь велла коронавирусан уьнах 20 эзар сов дархо. Коронавирусан инфекци коьрта бахьана хилларш бу оцу статистикехь билгалбаьхнарш. Ун хьакхделла, амма кхалхар кхечу бахьанашца нисделларш а оцу тептарехь хилча, коронавирусах белларш кхин а дукха хир бара, Росстатан зераша чIагIдарехь.

Гезгамашин-беттан 28-чохь бинчу хаамца, дуьненчохь 33 миллион сов стаг ву уьно лаьцна, царех миллион сов велла. Дарба хилла 25 миллион пациентна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG