ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу буса ковидах велла 19 дархо. Ун даьлла ву - 627 стаг


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбаседа Кавказехь тIаьххьарчу 24 сахьтехь коронавирусан уьнах кхелхина 19 стаг, ун къаьстина кхин а 627 вахархочуьнца.
Эпидеми ца яржийта вовшахтоьхначу оперативан штабан статистикаца, Дагестанехь велла бархI дархо, Ставрополан а, Краснодаран а мехкашкахь кхелхина виъ-виъ стаг, Адыгейхь велла шиъ, Къилбаседа ХIирийчохь цхьаъ.

Верриг а Къилбаседа Кавказехь эпидеми яьржичхьана COVID-19 вирусах велла 1 619 стаг.

Ставрополан кIоштахь дукха бу тIаьххьарчу зерашц ун даьлларш- 146 стаг:

• Ставрополан махкахь+46 (15 927 ву эпидеми яьржичхьана)
• Краснодаран кIоштахь + 98 (13 888)
• Дагестанехь + 83 (13 347)
• ГIалмакхойчохь + 59 (6 359)
• Кхарачой-Чергазийчохь+ 73 (6 964)
• ГIалгIайчохь+ 51 (5 626)
• ГIебарта-Балкхаройчохь+ 45 (7 612)
• Къилбаседа ХIирийчохь+35 (5 785)
• Адыгейхь +32 (4 051)
• Нохчийчохь+ 5 (2 424)

Къилбаседа Кавказехь таханалерачу дийнахь COVID-19 вирусах ун даьлла ву 81 983 стаг. Оперативан штабан зерашца, Оьрсийчохь къаьстина коронавирус 1 167 805 вахархочуьнца.

Федералан статистика ца йогIу меттигашкарчу терахьашца. Даржхоша цуьнан бахьана дузу пачхьалкхан коьртачу урхаллашкахь а, меттигашкахь а статистика лелоран кепаш тайп-тайпана хиларца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG