ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москварчу лоьраша этIийна шо кхаьчна Нохчийчуьра бер метта ца догIу


Байначу беттан 26-чу дийнахь Москварчу эндокринологин центрехь чолхе йоцу операци йинчул тIаьхьа хIинца а метта ца йогIуш ю Нохчийчуьра шо кхаьчна йоI Сайдуллаева Милана. Беран да-нана иза Германи дехьаяккха хьийза, амма хиллачух тоьшалла ден кехаташ а, йоI этIош дIаязйина видео а кара ца кхочуьйту дена а, нанна а дарбан хIусаман куьйгалло.

Хаамийн гIирсашкахь яздарехь, лоьраша операци еш эха сахьтехь гергга, тIекхочуш кислорд а доцуш, йитина хилла иза, и бахьана долуш цуьнан хьена зен хилла.

Миланин гергарчара чIагIдо, йоI могаш а яра, операци ца магон цхьа а бахьана а дацара бохуш. Церан шеконаш ю, цунна тоьхначу мехаша аллерги йина хир ю аьлла, ткъа хан кхоорхьама, лоьраша кхачам боллуш зийна яцара иза аьлла.

Германехь шайн йоIана гIо хир ду аьлла, дегайовхо ю СайдуллаевгIеран, цундела катоьхна иза шайн чоьтах дехьаяккха лаам бу церан. Москварчу лоьрашкара царна оьшург- йоьIан медицинан документаш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG